Created by Derkaz Adamov

Ши машар(дийцар)

Макалов Шамсудди


Кху юьртахь,тIом балале, муьлххачу а юьртахь санна, бес-бесара цIенош дара.Уьш мела а шайн хIусамдайх тера хетара: лекха а, лоха а,даккхий а, кегий а Амма тахана, къизачу тIамо ягийна,йохийна йолу и гIишлош,цхьана басе йирзинера,хьалалаьтташ цхьа туькалгаш бен ца хиларна. Iаьнан доца де суьйренга лестинчу хенахь, оцу цIеношка гIийла бIаьрг а бетташ, тIехь цIен куртка а йолуш, юрт йоькъучу урамехула йоьдура бархI-исс шо хир долу жима йоI. Iуьйрре кIотара бежанаш Iалашдан вахана волу шен деда цIа ца кхочуш,сагатлуш,са бIарзделла араяьлла яра иза. Ийзалуш йоьдура йоI,шайн цIенна гена яла кхоьруш,делахь а цIа вогIучу шен дедех бIаьрг кхетаре сатуьйсуш,йола-йолуш гена елира иза.ТIамо йохийна юрт,тIе марчо хьарчийча санна, и кIаййина Iуьллуш,тоьъал доккха ло дара. Цу тIехь юьсучу лараша дика гойтура йоIана,нах чохь беха хIусамаш. Уьш дукха яцара.ТIамах бевдда,мухIажараш а хилла, цIера бевллера нах. ТIекхочуш Керла шо доллушехь,нехан цIенойн корашкахь базалгаш ца гора, ца хезара берийн самукъане аьзнаш.Охьа а,хьала а лелаш яцара машенаш.Деса дара урамаш. Яккхийчу тоьпийн бен хезаш гIовгIа йоцуш,къен хетара дуьне. ЙоьIан дагна шийла Iийжам беш,маьттаза яраи гIовгIа.Тховса совгIатех,ги боьттина мохь а бохьуш,кетIа кхочур воций хаьара цунна ГIура –Дада. Шийла яра. «Гар-р»аьлла,эгон йолийра йоI.Ткъа куьйгаш,шелонна дистина,сенделлера. ДIахьаьжча ,цхьана тишачу,амма дохоза долчу цIеношна тIедоьдуш лайн тача гира йоIана. Хьалахьаьжча,туьнкалго а туьйсура кIур. Мохехь и кIур,жIаьлин цIога санна, лестара. Шелонна кхин сатоха а ца делла: «Дера еза со, кху чу а яхана, жимма йохъяла»,–аьлла, дагадеара йоIана. Кхерамца, ша охьайожарх кхоьруш,туьйранахь дуьйцучу Сиртан тIайх терачу,готтачу лайн тачина тIе а яьлла,кеберте яхара йоI. ХIара кетIа кхоччушехь, цIевзина еллаелира неI. ЙоIана гира, доккхачу корталех а хьаьрчина, дуьхьалъяьлла йоккха стаг. ЙоI лерина хьаьжира цуьнга. Лекхо,озачу дегIехь яра иза. Ткъа юьхь,хебаршка ихнехь а, мацах цкъа хиллачу хазаллин лараш хаалуш яра. Шен деде хенара хийтира цунна иза.



–Баба,суьйре дика хуьлда хьан!–шелонна йишхаьллачу озаца элира йоIа.

–Далла езийла. Хьо мичара ели? Мила ву хьоьца?–хаьттира Бабас.

–Же, Баба,со шелъелла хьуна ,– шен дахьийна куьгаш дIагайтира йоIа,–цхьажимма йохъялийтахь со. Йоккхачу стага, шен декъа, дуткъа ши куьг схьа а кховдош,элира:

–Баба яла хьан! Схьайоьл чу,ма латал. Кху тIамо боккха бала беа вайна.Баба санна,цхьалха йисна хьо? Ма хазахетийти ахь суна, суна-м адам а ца дисна моьттура кху юьртахь.Боккъал а,дехха догIа ихначул тIаьхьа ,цIаьххьана хьаьжначу маьлхан зIаьнарех терра къага доладелира йоккхачу стеган бIаьргаш. Цо,куьг лаьцна чу а йигна,йогучу пеша юххе охьахаийра йоI.ТIаккха Бабас чехка,кхин хеттарш а ца деш, бепиган цастар тIе налха а хьаькхна,куршки чохь йовха шура елира цунна.

– Яа ахь, эхь а ца хеташ. Ахь тахана х1ума йиъна а хир яц. Бабас кхано xloaш кхорзур ду вайшинна.

– 1уьйранна Воккхачу Дадица йиъна ас, – элира йо1а.

– Ц1е х1ун ю цуьнан?

– Бексолта ю-кх. Иза сов 1уьйрре к1отара вахана, цигара вайн бежанаш 1алашдан. Иза ц1а ван хье а велла, кхин чохь 1ен а ца елла, араяьллера со.

– Х1а-а, Бексолтан к1ентан йо1 ю хьо? Эх1ей, хьо яха дукха! Хьан деда суна дика вевза. Хьуьнхо ма вара иза. Мацах цкъа, ша жима волчу хенахь, сан марйишина т1ехьийзаш ма вара иза. Ша болх бечу хенахь, суна наггахь дагон дечиг а доуьйтура цо. Ткъа да а, нана а мичахь ду хьан?



– Уьш Казахстане д1абахна. Цаьрца сан ши йиша а, ваша а ву. Воккхачу Дадина, ков-керт д1а а кхоьссина, ц1ера вала ца лиъча, мамас со цуьнца ц1ахь йитира, цуьнан г1уллакхе хьажа. Ас цунна жижиг а кхехкадо, хьокхам а ботту, чохь дан дезаш долу г1уллакх а до. Ткъа кеманаш даьхкича, тхойшиъ ший а ларми чу долу. Цо суна ламаз дан а, вирд даккха а 1амийна. Дадас боху: «Вай, дегнаш ц1андина, до1анца хьасталахь, хастам бахь, Дала т1ом сацийна, къинхетам бийр бу вайх».

– Ма бакълуьйш ву хьан деда. Аллах1а кхоьллина дерриг адам, Аллах1ан лай ма ду вай, х1ораммо а ша динчу дикачух а, вочух а цунна хьалха жоп дала дезаш... Д1акхачае хьайн шура... Хьо хьаха хилла дика йо1. Цундела ма йитина хьо мамас хьайн дедеца. АлхьамдулиллахЦ дика ду-кх хьо цуьнца йолуш. Ц1е х1ун ю хьан?

– Машар ю-кх.

– Машар ю боху ахь? Хьажахь, деллахь, - лерина йо1е а хьаьжна, элира йоккхачу стага, – сан ц1е а ма ю Машар. Хьо-м сан ц1архо хилла.

– Вайшиъ ши Машар ю-кх т1аккха, елаелира жима Машар.

– Шина Машаре цхьа т1ом сацалур буй, Баба?

– Дера бу. Машаран ницкъ ч1ог1а ма бу! Машар бохьуш еъна хуьлда хьо! Дала мукъа лахь, кестта дерриге а хаза а, дика а хир ду.

– Баба, хьо хьуо ю кху чохь? Хьо кхера ца кхоьру? Хьан ларма ян а юй? Гергара нах а буй хьан?

– Х1ун дийр ду Бабас! Сан хилларш цхьацца бахьница д1абевлла. Хилча-м, убар санна, кху чохь лечкъина а ца 1аш, сайн нахана т1е д1аяхана хир яра со. Т1етовжа, шайх б1о булуш болу гергара нах бац сан. Т1ом балале бабица 1аш ши хьех-архо яра. Х1инца и шиъ Назранехь ю боху. Соьга д1айола аьлла, хабар-м даийтинера цара, х1етте а со ца яхара. Нахана новкъаг1ерта ца лаьа суна. «Шен ц1а - ц1ен ц1а»,– ду аьлла-кх цо. Дала динарг бен хир дац. Х1инца санна, Керла шо Некхочуш, ас царна дуьйцура, хьалха заманахь нохчаша Керла шо муха даздеш хилла.

– Баба, суна а дийцахь, - хьастаелира Машар.

– Дера дуьйцур ду-кх. Ладог1алахь, элира йоккхачу Машара.

– И де т1екхачале, цхьа к1ира хьалха, юьртара тоьлла ву аьлла волу шийтта жима стаг, шайца яа-мала а йоцуш, шаьш дахана меттиг а ца юьйцуш, генна хьуьнах д1авоьдуш хилла. Уьш ц1ера бевллачу юкъана, юьртахь бисинчу кегийрхоша, юьрта юккъерчу майданан цхьана ма11ехь ц1е лато дечиг гулдеш хилла, вукху ма11ехь лайн г1ала еш хилла. Эххар а, Керла шо т1екхочуш, лаьттах а ца хьакхаболуьйтуш, ножан шийтта га долу гул а бохьуш, лела бахана к1ентий ц1а баьхкича, цара шаьш оццул хала беана гул, юьртахь бисинчу к1енташа йинчу г1али буьххье бог1а безаш хилла. И ца дайта дуьхьалбовлуш хилла г1ала йинарш. Хьуьнарш зуьйш, синкъераман кеп д1ахьош хилла цигахь. Эххар а Нала йоккхуш хилла, цуьнан буьххье ножан гул д1а а буг1ий. Т1аккха, хьуна дика дийцарг, диканца дукха хьо яхарг, дечиган боккхачу оьланах йоккха ц1е латош хилла . Керла шо кхачаран билгало хуьлий, д1ах1уттуш хилла иза. Д1адолош хилла ловзарш, синкъерамаш, говраш хехкарш, совНаташ дар. Кхаа дийнахь лаьтташ хилла и самукъане хьал. Ткъа и кхо де чекхдаьлча...

Цу хенахь лере еара кеманан г1овг1а. Жима Машар эго йолийра. Йоккхачу стага, йо1 мара а къевлина, элира: «Кхера ма лолахь, уьш д1о гена лаьмнашка д1адоьлхуш ду хьуна. Дала мукъа лахь, х1умма а

хир дац Шина Машарна цара дан х1ума дац хьуна»

– Ткъа Воккхачу Дадина? Иза мичахь ву-те х1инца? Хьуна, Баба, доккха баркалла, со х1инца дика йохъелла. Со ц1а йоьду. Воккха Дада схьалаха веза сан, – аьлла, араяла тохаелира йо1.



– Собарде, ма г1олахь! Хьо хьера-м ца яьлла?! Д1адахийта кеманаш. И боьха 1аьржа хьарг1анаш... Вай, со яла елла! Гур доцуш х1ун хилла кху дуьненахь. Собар де ахь, Дела ву хьуна вайца. Цо д1адоькхур ду хьуна царна xlapa-м, мухха декхахь а. Хаалахь, ч1ир ца оьцуш, цхьа а зулам ца дуьсу...

– Дада... Воккха Дада...

– Мохь хьоькхуш, йоккхачу стеган карара а яьлла, араиккхира йо1. Цхьабакъду, т1аьхьа а хьаьдда, йо1ана совг1атна коьрта туьллу довха йовлакх дала-м кхиира йоккха стаг...

Йо1 ц1а кхаьчча, деда хиллера, лаьтто малх санна, йо1 лоьхуш, ц1енна го туьйсуш. Йо1 гича хазахийтира цунна, йо1ана а хийтира иштта хаза, деда ц1ахь карийна.

– Хьо мичахь яра? Ма ч1ог1а кхерий ахь со. Лула-кула хьо лоьхуш, чекх ма вели со.

Йо1а, Бабас шена делла йовлакх а гойтуш, д1адийцира, ша мичахь яра.

– Т1екхочуш Керла шо дуйла а хууш, хьуна совг1аташ дан вахана хье ма вели хьан Воккха Дада. Хьажал, ас хьайна деанчу совг1аташка а, торте а, жимачу базалге а.

– Воккха Дада, кхарех цхьа совг1ат ша ц1ахь 1аш йолчу Бабина дахьийтахь соьга, - аьлла, хьастаелира Машар. – Ма комаьрша дог долуш адам ду иза.

– Х1инца вайна маьрк1аже ю. Боьдуш TIOM а бу. Хьо хьуо араялийта сан йиш яц. Со а вог1у хьоьца. Луьйш-олуш, цхьаьний rlyp ду вайша Бабина хазахетийта, – шен сирлачу мекхех дайн куьг а тоьхна, хьалаЛаьттира Бексолта. – Хаалахь, дог деса, са къен, б1аьрг б1аьрзе а бац хьуна хьан деден. Стагана хазахетийта, 1ан т1ехь цунна хорбаз лохур йолуш ву со. Ткъа Машар, мацах цкъа товш, оьзда зуда яра. Цуьнан майра дийна волуш, церан не1арш хьешашна гуттар а йиллина хуьлура. Керлачу шарца декъалъер вай иза.

Цо иштта аьлча, хазахетта:

– Воккха Дада, хьо ву-кх массарел а дика, – аьлла, г1атта

кечделлачу олхазаро санна, ши куьг д1аса а дахийтина, дедена марахьаьрчира Машар.


#нохчийнмотт #туьйрнаш #чеченскийязык #стела1ад #стихаш #бераш #дошам