Created by Derkaz Adamov

Ша т1ехь байташ (дийцар)


Ша т1ехь байташ

Алиев Мохьмад

(Дийцар)

Гуьйренан т1аьххьара, 1аьнан дуьххьарлера денош дара т1ег1ерташ. Х1ора а вара 1аьнна кечлуш. Шайн деда чохь 1ачу ц1енойн пурха а х1оьттина, генна д1а баьрг а бетташ, лаьттара Ислам. И гиначуьнан ойла кхоллалур яра: оццул жима волу х1ара к1ант, х1ун ойлаеш ву-те, ма хьалхе дар-кха цо и ойланаш ян?! аьлла. Амма к1ентан б1аьрго лаьцнарг, гена, стиглахь йоьду к1айн марха яра. Цу мархе а хьоьжуш, баккъала а ойлане ваьллера Ислам. Цо-м сатесна хила а тарлора цуьнца д1аваха, я цуьнца массанхьа а кхаьчна юха ц1а ван, я латта дакъаделча дог1а хилла цунна т1е1ана, и дерриг вайна хуийла дацара цуьнга шега ца хаьттича, ткъа цу ойланех и ваккха ца лууш, цуьнга хьоьжуш 1ара да-нана а.

Шен чуьра ара а ваьлла, к1ентан нанна т1е а веана, дедас, Хансолтас элира: «Амнат, жима волуш дуйна а вара Ислам, шен хене хьаьжча йоккха ойла йолуш!» аьлла. Амма цу ойланех и ваккха-м ваьккхира цуьнан доттаг1чо. Шен ц1е а йоккхуш, Аслана шех куьг 1оьттича, и варе хьоьжуш 1ийча санна, меллаша схьа а воьрзуш, Ислама элира:

– Х1ун боху ахь, Аслан, – аьлла.

– Ислам, хьо ма ойлане ваьлла, хьуна х1ун гина цу стиглахь?

– Дера, Аслан, и д1о йоьду к1айн марха гой хьуна? – аьлла, генна д1а, стигла п1елг хьажийра к1анта.

– Дера го – т1аккха?

– И марха елар-кха со, – элира Ислама

– Вуй, х1ун дан воллура хьо, к1айн марха хилча? – аьлла, цуьнан ойланех цецвелира доттаг1.

– Дера воллура, Аслан… Кху лаьттат1ехула хьийзар вара со, хьанна г1о оьшу хьожуш, дог1а мичахь оьшу а хьожуш, – элира к1анта. Т1аккха вела а велла, элира: «Хьо х1ун деш ву а хьожур вара!» И хазделла дехьа лаьтта Исламан да-нана, деда, берриг бийлабелира.

– Х1инца цу хьайн ойланех хьо мукъа ваьллехь, вайн эвлайистерачу 1ома т1ехь ша лацабелла, цу т1е когаш хехка г1ой вайшиъ? – элира, Аслана.

– Дера г1о, ас дадийн кирзан эткаш йохьу, уьш дика йовду ша т1ехь, – аьлла, Ислама шен деден эткаш а юьйхина, мачаш хехка вахара ши к1ант.

Юьртара дукха бераш дара мачаш хоьхкуш, цхьаберш когсалазаш хоьхкуш, вуьйш канкеш хоьхкуш, ло деана ца хиларна юьртара бераш дерриг цу ша т1е гулделлера. И ша а дукха лаьттар бацара. Хьалхе иккхинчу шелоно бина ша бара иза. Баккхийчара кхийн цкъа йохлур ю, т1аккха ло а дог1уш шеллур ю, бохуш, дуьйцура. Амма берийн самукъане хьаьжча царна и ша д1аболийла-м ца лаьара.

Ишта шен накъосташца мачаш хьоьхкучу Исламана гира, дехьо эрза юккъехь, жимо шанан г1айре. Куьзга санна, ч1ог1а хаза бина ша бара иза.

– Ма хаза йоза язлур дар-кха хьуна т1ехь, – аьлла, ойла кхоллаелира к1ентан. Ц1аьххьана, цкъа а язйина а воцу, гуьйренах лаьцна мог1анаш даьхкира к1ентан коьрте. Киснашка ка-куьг хьаькхира цо. Киснахь жимо хьостам а карийна, ша бохарна кхоьруш байн т1е ког буьллуш дехьа а ваьлла, коьртера охьа, д1аяздира цо:

Гуьйре, х1ай тхан хаза гуьйре,

Ма сихъелла йоьду-кх хьо,

Ма йисалахь хиле туьйра,

Хьо ларъешша-м 1ийр ду тхо! – аьлла, ша ден йоза дерза а дина, к1ант схьавирзича, дерриг бераш кхуьнан йоза доьшуш дара, т1аккха массара куьйгаш а туьйхира. Эхь хетта, т1е когаш а хьоькхуш, йоза д1адайа г1ертара к1ант, амма хьостамца дина йоза д1а ца дайалора. Ткъа бераша, Ислам, айина ша т1ера вадийна дехьаваьккхира, йоза доха ца дайта.

Цул т1аьхьа, «Поэт», аьлла ц1е а йоьдуш, байташ язйан волавелира Ислам, цуьнан баккхийн кхиамаш хилира и вехачу к1оштахь а, махкахь а.


#нохчийнмотт #туьйрнаш #чеченскийязык #стела1ад #стихаш #бераш #дошам