Created by Derkaz Adamov

Ц1оькъалом

Пост обновлен 15 февр. 2019 г.

Турпал а, цуьнан ваша Лом-Iела а мукьачу дийнахь ишколера цIахь виснера. «Тахана телевизоре а хьожуш, чохь Iийр ву вайщиъ, – аьлла, барт бинера шина кIанта, нанна хаза а хозуьйтуш. – Арахь лайна метта догIа догIуш хилча, хIетте а дан хIума дац»,– аьлла. Амма дан хIума кху шинна даима а карадора…

Турпал 5-чу классехь ву, ткъа Лом-Iела кху шарахь дуьххьара деша вахана. Нисвелла диван тIе охьа а хиъна, телевизор чу а вогIавелла, гIеххьа Iийра ши ваша, ненан бIаьрг тIера баллалц, амма иза шен гIуллакхна дехьа чу яьлча, мелла а тебна, шаьшшиннан тIеюхург а эцна, сени чу велира, амма неIсагIехь дижна Iуьллучу цицигана тIе ког а баьккхина, цо хьаькхначу маьхьара юхавадийтира ши кIант. Нана сехьа чу яьлча, меттах а ца ваьлча санна, маьнги тIехь Iара хIара шиъ.

– И хIун мохь бара цициге баьлларг ? – хаьттира нанас.

– Ца хаьа. НеI елла гIерташ дара, моьтту суна, иза, – жоп делира Турпала.

– МIараш туьйсуш дара и неIарах, – тIетодира Лом-Iелас. Цецваьлла кеп хIоттийна, б1аьргаш бетташ Iара иза.

Амма нанна дика вевзара ши «пелхьо», бIаьрг тIера туьлушшехь аравер волуш вара, ахсахьт далале хи санна тIеда ши ког бахьаш чу а вогIур вара, кху дуьненахь мел долу туьйра а гулдина.

Нана дехьа чу яьлча, Лом-Iелин лере а таьIна элира воккхах волчу вашас:

– Хьо меллаша аравала, цицигах лар а луш, со тIаьхьа вогIур ву. Хаттахь, нанига ас хьо ванни чу вахна эр ду.

– Ахь муха олу со ванни чу вахна, нана ма ю ванни чохь?...

– Дика ду. ТIоьрмиг арахь бисна, иза чубан вахана эр ду.

– Тоьрмиг чохь хIун ду, нана хIинцца хьаьжна-кх. Суна дов дайта гIерта хьо, Турпал! Со ца воьду хьуна.

– Ма стаг яц хьо! Кхоьруш вала воллу-кх хьо даим а, – човхийра Турпала шен ваша.

– Хьо иштта майра велахь, аравала.



ТIеюха хIума учахь йиснера. Турпал ког байбина лаьттара ,овкъаран басахьчу куза тIехула ,неIарехьа вахара, цунна тIаьхьахIоьттина воьдура Лом-Iела. Цицигана тIехула ког а баьккхина, уча а ваьлла, сихха бедарш тIе юьйхира шина кIанта, хьал ца девзачунна, и шиъ къола дан воьду, моьттур дара.

Мела дерза тIесерсара. УьйтIе а тIеда яра, бай юккъехь хатт хир бара. ХIара шиъ, сихха ботеш тIе а юьйхина, рагIу кIел дIахьаьдира. Цу кIелахь тIе гата а тесна лаьтташ яра кхеран девешин машен, 50 шо долу къена «Запорожец». Гатана буха а вахна, неI йиллина чу хиира ши кIант, «танк чохь ву вайшиъ» бохуш, вела а воьлуш. ТIам хьийзош, скоростан гIаж дIаса етташ, чан эккхийтина воллура ши кIант. ЦIаьххьана машенан тхов тIехь тата делира, цхьаъ тIекхоссавелча санна. ХIара шиъ дIатийра. ТIаккха и хIума лела йолаелира машенан тхов тIехула.

– И хIун ю, Турпал? – хаьттира Лом-Iелас.

– Цициг хир ду-кх…

– Цициго оццул тата муха доккху? И-м цIоькъалом хила мегаш ду.

– ДIавалахьа, цIоькъалоьмаш мичара девр ду кхуза?

ТIаккха, лом я цIоькъалом Iоьхуш санна, чIогIа гIовгIа хезира кху шинна. Iадийна, баккхий бIаьргаш а биллина Iара ши ваша, вовшашка а хьоьжуш. Нанега орца деха а йиш яцара, Вашас, машен чу ма хаа а, аьллера, дадас а дов дийр долуш дара. Мохь хьакха а ца хIуттуш, вахьийча санна вара хIара шиъ. Ткъа важа-м тхов тIера капот тIе юссуш, тIаккха лаьтта юссуш, юха а тхов тIе йолуш лелара, шен мохь а хьоькхуш.

– Турпал, тилпо яц хьоьгахь? – халла хезаш вистхилира Лом-Iела.

– Яц. Чохь йисна сан «фонарик». Вайшимма хIинца тхоьвнах хIума тухур ю, тIаккха иза, кхера а елла, дIагIур ю.

– Цуо тхоьвнах Iуьрг даккхахь, хIун дийр ду? – Лом-Iела къаьрззина хьоьжура вешига.

– НеI дIа а йиллина, сихха охьавуссур ву, тIаккха чуводур ву.

– Цигахь нана ма ю…

– Нана гIоле яц цIоькъалоьмал а?

– Ца хаа суна-м, оьгIазъяхча дукха дера хуьлу иза а...

– Хьо-м лартIехь а вац, Лом-Iела. ЦIоькъалоьмо вуур ма ву, нанас еттар бен яц.

ГIовгIа дIатийра. РагIун тхов тIе детталун догIанан тIадамаш бен ца хезара. ЛадоьгIура шина кIанта лергаш ийзош. ЦIаьххьана юха а йолаелира гIовгIа, хIинца-м лаьтта юссуш, неIарах кхеташ, гата хьалаайба гIерташ йоллура иза.

– Вист ма хилалахь, Лом-Iела, - элира Турпала, вегош волу ваша мара а вуллуш.

– Турпал, кхин цкъа а нанас ма де аьлларг дийр дац ас.

– Ас-м муьлхха а воккхачо аьлларг дийр ду, кхин цкъа а аьшпаш буттур бац, ишколехь дика а доьшур ду, – дош делира воккхах волчу вашас.

Шайн чуьра неI йоьллуш хезира кху шинна – нана арайолуш яра, схьахетарехь хIара шиъ лаха.

– Турпал, и цIоькъалом хIинца мамина тIекхетар ду.

– Схьавола суна тIаьхьа, – олуш, сихха машенан неI йиллина, охьаиккхира Турпал, куьг лаьцна ваша охьа а воккхуш. – Нана! Нана! ЧугIо! ЧугIо! Кхузахь цIоькъалом ду хьуна, – мохь беттара, цецъяьлла неIара хьалха лаьттачу нене.

Иза кхераелла ца гича, цецваьлла, сецира ши кIант. Циггахь юхавирзича, цкъа цхьа бIаьрг хьажош, тIаккха шоллагIниг хьажош, машена тхов тIехь лаьтташ кхеран цIен боргIал яра. Иза а яра кхушиннан мохь-цIогIанах цецъяьлла.

– Суна-м хааара иза вайн нIаьна юйла, – бегаш бан гIоьртира Турпал, лами тIехь лаьттачу «цIоькъа-лоьме» дIа а хьоьжуш. ХIинца нана муьлхха а цIоькъа-лоьмал кхераме хетара.

– Нана, Турпала, машена тхов тIехь цIоькъа-лом ду, бохура, со кхеравеллера… Цуо хьо юур ю моьттуш, схьаведдера тхойшиъ,.. – чулаьхкира Лом-Iелас.

– Дика ду, чувола «майра ши таллархо», ашшимма цIоькъалом лаьцна, эр ду вай дадига, – гIадъяхна йоьлура нана.

Закриев Iийса


#нохчийнмотт #туьйрнаш #чеченскийязык #стела1ад #стихаш #бераш #дошам