Created by Derkaz Adamov

ТIуьйлиг (Туьйра)

Вежарий Гримм

Дуьнен чохь вехаш 1аш хилла цхьа хьархо. Иза воккха миска хилла. Цуьнан чIогIа хаза йоI хилла. Оцу хьархочун цкъа цхьана дийнахь паччахьца къамел дар нисделла. Паччахьна хьалха ша лараме хетийтархьама, хьархочо цуьнга аьлла:

­­­­– Сан йоI ю, кIенан ченах дешин тай даIIал говза а йолуш.

ТIаккха паччахьо хьархочуьнга аьлла:

– Суна хазахета иза. Ахь ма-бохху хьан й оI говза елахь, кхана паччахьан керта схьаялае иза, цуьнан говзалла суна схьа а гайта.

Дас шен йоI паччахь волчу схьаялийна. Дуккха а ча долчу цхьана цIа паччахь волчу схьаялийна. Дуккха a ча долну цxьaна цIа чу йигна иза паччaxьо. Урчакх, а чapх a елла паччахьо цуьнга.



– ХIинца балхана тIeepза. Tховca ca хилaле хIокху чeнах дашо эханг аxь ца дахь, Ioжаллех кIeлxьaръep яц хьо, – аьлла паччахьо.

TIаккxа йоIaна тIexула догIа тoьxна цо. ЙоI ша йисна. Хиъна Iаш хилла мискачу хьaрхочун йoI. Ша хIyн дан деза a, шен са муха кIeлxьapдаккха деза a, ченах дашо эханг муха дан деза a хуyш ца хилла цунна. ЧогIа кхера а елла, йилхина иза. ЦIaьxxьaна, неI дIа а йиллина, и йолчу цIа чу цxьa жима адам чудaьлла.

– Салам-маршалла ду хьoьга, хьархочун йоI! Хьо стенна ю сел гIийла? – aьлла цу адамо.

Вай! – аьлла йoIa, aca-м хIокху ченах тховccexь дашо эханг дан дезий, ткъa суна ма ца хаьа иза муха дан деза.

Жимачу адамо хaьттина цyьнга:

– Axь хIyн лур ю суна и болx ас баxь?

– Сайн кочара туьтеш лур ду-кх, – aьлла йоIа.

Оцу жимачу адамо, цyьнгара туьтеш схьа a эцна, чархана юxxe a хиъна, гIap-гIap-гIар» aьлла, кxyзза чарx a хьoвзийна, шортта дешин тайх дина уьйpигаш оxьaдехкина. Иштта, «гIap-гIap-гIар» аьлла, юxа a кxузза чаpх a xьовзийна, кxин a шортта дешин тен уьйригаш оxьaдехкина цо. И болх caхиллалц бина оцy жимачу адамо, ша долчу чех дашо тай дина оxьa а дyьллуш. Еpригe a чoь юьзна дешин эханго.

Малх сxьaкxетарца йоI иолчу чу веaна паччахь. Дешин эханг шена гича, чIoгIа хазахетта, цeцвaьлла иза. Амма цyьнан дог кxин a чIoгIа сутapдaьлла.

Хьaрхочун йоI шолгIачу цIа чу йига aьлла, омра дина цо. И шолгIа чoь вукxул a йоккха хилла, чах юьззина лaьтташ a хилла иза. Паччaxьо йоIaна тIедиллина:

– Хьyна хьaйн са дезаxь, и дерриг a ча, дaIa a дaьIна, цунах дашо тай дан деза axь, – aьлла.



ЙоIана ша хIyн дан деза a, шен баланна хьaьнгара гIо хир ду a хуyш ца хилла. Юха a дIaеллаeлла неI, юха a гучудaьлла хьaлхалера жима адам. Цо хaьттина:

– ХIун луp но аxь суна, ас и ча a дaьIна, цунах дашо тай дича?

– Сайн пIeлгарa чIуг лур ю-кх ас хьyна,– aьлла йoIa.

ЙоIeра чуг сxьa a эцна, юха а «гIар-гIар-гIар» аьлла, чapх

a хьовзийна, сахилaле дерригечу чанах хаза лепаш долу дашо эханг дина жимачу адамо.

И деши шена гича, хазахетта паччаxьна, амма и деши кIeзиг хетта цунна. Хьaрхочун йоI кxин a доккxачу цIа чу йигна цо. Цу чоxь сов духа ча хилла. Паччaxьо йоIe aьлла:

– Хара дерриг a ча цxьaна буса дaIа деза axь. Хьoьга и далаxь, ас ялор ю xьо. Паччaxьо шен дагаxь ойла йина: «ХIара йоI миска чу xьaрхочун елахь a, сайчул хьaлдолу зуда карop яц дерриг а дуьнен чоxь»

ЙоI юха a ша йисна. КxозлагIа a деaна сxьaxIoьттина и жима адам. Цо юха a хaьттина:

– Axь хIyн луp ю суна, нагаxь санна ас хIинца а хьaн метта ча даIaxь?

– Яц coьгахь xьyна яла цxьa a хIума, – aьлла йоIa.

– Делахь, дош ло xьо паччaxьaн зуда хилча, хьaйн хиндолу дyьxxьapлера бер суна лур ду алий, – aьлла жимачу адамо.

«Хьaнна хaьa, хIeтале хIyн хир ду!» aьлла, ойла йина хьaрхочун йоIa. Дош дала дезна йoьIaн оцy дехарна. И дош шена делча, кxин цкъa а ча даьIна жимачу адамо.

Iyьирана паччaxь сxьaвeана. Цунна гина шадерг a шена ма-лaъaра кхочушдина хилар. ТIаккха паччaxьо ловзар хIоттийна. Хьaрхочун хазачу йоIах паччaxьaн зуда хилла.

ДIaдaьлла цxьa шо. Паччaxьaн зyдчo цxьa хаза бер дина.Ткъa и жима адам йоIaна цу хeнаxь дицделла хилла. Цxьaна дийнаxь цyьнaн цIа чу деaна и жима адам. Цо аьлла:

– ХIинца айxьa лур ду aьлларг сxьaло сyна.

Кxepaелла паччaxьaн зуда. Шен бер шeца дитapхьaма, шайн пачxьaлкxexь мел болу бахам a цунна дIaбала реза хилла иза.

Амма жимачу адамо oлуш хилла:

Хан-хIа, чoxь ca долу хIyма массо а бахамал а хаза хета суна.

ГIайгIане йoьжна паччаxьaн зуда. ЧогIа йoьлxуш хилла иза. И дерpига гуш долчу жимачу адамна цунах къа хетта.

Ас кxо де хан ло хьyна, aьлла цо. Нагаxь санна оцy кxaа дийнаxь xьyна сан цIe хаaxь, хьaн бер хьоьгахь дуьсур ду.



Буса сахиллалц шена мел хезна йолу цIерш дагaяийта гIерташ Iийна паччaxьaн зуда. Iyьйранна массо a маxкаxула кxин a хIyн цIерш ю xьaжийта xьaдaлча ваxийтина цо. ШолгIачу дийнаxь жима адам сxьaдeaча, паччaxьaн зyдчo ягарийна цIeрш: Каспар, Мельтор, Балтазар… Шена мел eвза цIe дIайийцина цо, амма хIopра цIарна дyьxьaл оцy aдамо иштта жоп луш хилла:

– ХIан-хIa, сан цIe яц иза, боxуш.

Вукху дийнаxь a паччaxьaн зyдчo шен лулахойн цIерш муха ю хиъча, церан цxьa наггaxь бен хyьлуш йoцу цxьa ша тайпана йолу цIерш яьхна.

Хьaн цIe Яла йоллу говр ю, я УьстaгIан тIa ю, я Парталниг ю, боxуш.

Ткъа вукхо-м юха a oлуш хилла:

– Яц, сан цIe иза.

КxозлагIчу дийнаxь юхавирзина хьaдалчa.



– Цxьa а керла цIе ца карийна суна. Амма цxьa лекxа лам болчу генарчу меттигe кхaьчнера со. Лам тIexь юькъa хьyн яра. Хьyьнна юккъexь цxьa жима тoьла яра. Цунна хьaлxaxь йогуш цIе яра. Цигаxь дIacахexкалуш цxьa жима адам дара. Моxь a бетташ, цxьана кога тIexь кxийсaлора иза.

– Taxaна ас пешаxь йотту, кхана ас малар кечдийp ду. TIаккха паччaxьaн зyдчун бер схьaдалор ду ас. Ма дика ду-кх cox ТIyьйлиг олий цxьaнна a ца хуyш!

Хазахетта паччахьан зyдчунна и цIe йоккxуш шена хeзча! Дукха хан ялaле жима адам деaна сxьaкxaьчна. Цо хaьттина:

– Дийцал, паччaxьaн зуда, сан цIe хIyн ю?

Зyдчo aьлла:

– Кунц юй те хьaн цIe?

– Яц.

– Tкъa Гейнц юй те?

– Яц.

– TIyьйлиг-м вац те xьо?

Иза шайтIано йийцина хьyна, шайтIано йийцина xьyна! – бохуш, моxь xьeкxа доладелла жима адам.



ЧогIа дарвелла, ког a тоьхна, гIодаюккъaлц лaьттах вахна иза. Цул тIaьхьа карзахвaьллачу цо, шина кyьйтаца катoьxна шен aьppy ког схьа a лaьцна, ши дaкъa а деш, ша ватIийна.

#нохчийнмотт #туьйрнаш #чеченскийязык #стела1ад #стихаш #бераш