Created by Derkaz Adamov

Сакаева Мадина

1алашбе ненан мотт...



Бийцахьа, нохчийн мотт, бу иза хаза,

Оьздачу ден багахь бу иза оьзда,

Ненан куьг санна, бу вай бийцахь кIеда,

Шога дош эшначохь – туьрал а дера.

Лекхачу ломал а хилийта лекха,

КIоргачу хIордал а хетийта кIорга.

Ламанан хьост санна, бекийта зевне,

Пондарна мерз санна,оьшу и вайна.

Безам цо балхабо, дог доккхуш ловза,

Юткъаелла ойла а юьйцу цо говза.

КIорга бу эшначохь машаран илли –

Даг тIера даг тIе цо хийла тIай тилли.

Сийначу баца тIе юкъ юьхкуш санна,

Моз чуьрчу кхаби чу стим стим Iенош санна,

Ма бехбе ненан мотт, галбохуш буьйцуш,

Цу меттан доцу дош юккъе а кхуьйсуш.

Лардер вай вайн меттан хIора а дош,

ТIаьхьенна дисийта вайх ала дош,

Цу дашал лекха бац мел лекха лам:

Шен ненан мотт мел бу, – дехаш ду къам.