Created by Derkaz Adamov

МАНДАРИН (дийцар)

Магомадов Мовлади



Ша стенггара йогІуш хиларх, исс шо кхаьчначу шен кІантана Мовсарна цхьа хІума йоцуш ца йогІура Тамара. Тахана а, бода къовлабалале, сихъелла шен ден цІера йогІучу Тамарас, ша чоьхьа йоллушехь, куьг а лачкъийна, хаьттира:

– Бабас хьайна хІун яийтина, хаьий хьуна, Мовсар?

– ХІун яийтина? – аьлла, тІехьаьдца, мараиккхира Мовсар.

– ХІара мандарин яийтина-кх, – аьлла, кІант мара а къовлуш, мандарин дІаелира Тамарас.

– Дала сагІа йойла! Ас вайшинна йоькъур ю хІара, – элира кІанта.

– Ца оьшу. Ас цигахь йиъна. Хьайна яа ахь, – аьлла, чуьра цхьацца дезарш дан хІоьттира Тамара.

Мовсар мандарин йиъна воллуш, чувелира цуьнан да Муса.

– Дада, Ваши муха ву? – хаьттира Мовсара.

– Дéра, ву ледара. ХІан, зуда, хІара кастом дIаегаел. Суна юхавоьдуш тІеюха плащ а кечъе. – Мох марсабаьлла. ДогІа чІогІа хила мега, – аьлла, Тамаре кастом дІа а елла, – хьуна мандарин мичара яьлла, Мовсар? – хаьттира Мусас, юххе охьа а хууш.

– Бабас яийтина-кх, – жоп делира Мовсара.

– Лаа хоьттий ахь? – цІенкъа юккъехь сецира Тамара.

– Цу мандаринан мутт хьахийнера Іийсас. Іуьйранна дуьйна уьш ян гІала вахана Турко хІинца а схьакхачаза ву. ДоьалгІа де ду цуьнан кийра рицкъанах хІума дахаза, – аьлла, гІийла вистхилира Муса.

Мовсар кхийтира цунах.

– Дала мукъа лахь, толур вай иза-м. Иштта ойла ма ехьа, – дийхира Тамарас.

– Толург хилча, цІа вига, эр дацара лоьраша...

– Со схьайогІуш, нана йолчохь кхо-йиъ ма яра хьуна и мандарин, цара яаза елахь...

– Цунах гІуллакх хир дац. Цигахь а ду бераш. Уьш генахь бу, цига а вахана схьакхачале, догІа долалур ду. И дуьтур ду вай. Іийса волчу дІавоьду со. Турко а ца кхочу теша цIа, – къамел дерзийра Мусас.

Тамарас Мусана яахІума юьллуш, Мовсар аравелира.

ХІума йиъна а ваьлла, плащ а юьйхина, Муса юха а шен вешийца буьйса яккха дІавахара.

ПхьегІаш йила а йилина, уьш дІа а ехкина, охьахиъна Тамара, ойлане елира: «Ма жима вара-кх Ваши вала. Шина берой, зудчой хІун лелор ду-те. Ма хьалхе дара уьш байлахь биса! Кхунна муха кхийти-те и Дала гена яккхарг... ХІун дийр ду... Делан цаторуш хІума дац-кх», – ша-шега а аьлла, хьалагІоттуш йоллучу Тамарина Мовсар дагавеара, шен дас, Ваши вочу хьолехь ву аьлча, воьлхуш хила мегара иза, бохург дага а иккхина.

– Мовсар, мичахь ву хьо? – мохь а тухуш, дехьа чу цуьнан матта тІе яхара.

Цигахь кІант вацара. ТІаккха массо а чу хьаьжира – вацара. Араяьлла, кертахь лийхира. Кхаанхьа-деанхьа, кхуьнан хенара бераш долчу хьаьжира – цхьанхьа а вацара.

«Там бара, и шен дел хьалха, Ваши волчу вахана хила».

ЦІаьххьана чІогІа доладеллачу догІано яшийна бедарш а хийцина, четар тІе а лаьцна, ІийсагІаьрга яхара Тамара.

ХІара чуяьлча, халла садоьІуш, меттахь Іуьллу Іийса а, цунна юххехь, гІентахь Муса а бен, чохь цхьа а вацара.

Тамарин бос байра.

– Хьо йоьхча санна ма хета суна, Тамара. Хан яьллачу хенахь кху ткъоршехула, хьо лаа юй? – халла хаьттира Іийсас.

– Дуьйцуш там бацахь а, и вайн чуьра кІант кара а ца вина, кхуза веаний-техьа хьажа еънера со-м.

– И бохург хІун ду?! Дукха хан юй и ца каравен? – юха а хаьттира Іийсас, мелла а шен цамгар йиц а луш.

– Дéра, цхьа сахьт-м хир ду.

– Же, хьалагІаттал, Муса. Валол, сихонца кІант лахал, – собар дайра Іийсан.

– Иза-м цхьанхьа а гІур вацара. Хьайн са ма гатдехьа...

– И дита ахь. Со валале, кІант схьавалавел суна, – воккхахволчу вешин дош хáдийра Іийсас.

– Хьан гІуллакх-м дацара кхуза ян, – аьлла, Тамара а човхош, хьалагІаьттира Муса.

– Сихо ехьа, Муса. Вайн тІаьхьенан хиндерг цуьнца доьзна дара сан, – бІаьргаш тІунделла, дехар дира Іийсас.

Плащ тІе а юьйхина, неІарехьа волавеллачу Мусана дуьхьала чувелира Мовсар. Иза верриг тІадийна вара, хоттан чІурам а хилла.

Шен дай, наний тергал а ца деш, девешина тІевеара кІант.

– Ваши, хІара мандаринаш хьуна еъна ас, – аьлла, киснашкара схьа а яьккхина, маьнгина уллехь долчу гІанта тІе кхо мандарин охьайиллира Мовсара. – БабагІаьргахь хиллера хІорш...

– Цу мохехула, догІанехула Ахка чу а вахана, еъна ахь хІорш суна? – цецваьлла, хаьттира Іийсас.

– Ваши, хьо толохьа! – аьлла, тІекхетта, вилхира Мовсар.

– Ой, кху буьрсачу буса сел генара ахь еъна хІорш йиъча, со муха ца толо, толур ву, хьаха... Хьо иштта кІант хилла кхиъна ваьлча-м, вала а хала дацара.

Мовсаран букъах куьг хьоькхуш Іачу Іийсан бІаьргех хиш девллера.

#чеченскийязык#нохчийнмотт#стела1ад#туьйрнаш#стихаш#дийцарш#дошам