Created by Derkaz Adamov

Лай т1ехь т1едарчий (дийцар)

Алиев Мохьмад



– Салман, Салман, – бохуш цхьаъ кхойкхуш а хезна, корехула арахьаьжначу Хедина лаьтташ Идрис гира. Оццул Іуьйрре и стенна веъна хууш, жимма и хьовзо дагадеанчу Хедас, уча а яьлла, хаьттира:

– Идрис, ахь хІун до, хьо лаа вуй?

– Ву, Салман чохь вуй? – аьлла хаьттира кІанта, шелонна цІийбелла шен мара хьала а узуш.

– Чохь ву иза-м.

– Деца, делкъанна ишколе вахале, жимма салазаш хоьхкур яра охашиммо, соьца воуьйтий ахь иза?

– Идрис, хьо дукхавахарг, хІинца а меттара гІаьттина а воцу, ас ваийтича а, и муха вогІу хьоьца? – аьлла, къамел а сацийна, къежачу Идрисе хьаьжжинчохь латта йисира Хеда.

Нанна чул хьалха шен доттагІчо бетта мохь а хезна, корех арахьаьжча, диллина ло а гина, сихха шен барзакъ тІе а дуьйхина, салазаш хехка ваха кийчча нанна тІехьа лаьтташ вара Салман, и дара Идрисан къежар.

– Идрис, хьо стенна къежа, – аьлла, цецъяьлла хаьттира Хедас?

– Деца, суна бехк ма биллалахь, хьайна тІехьа хьажахьа!

Идриса бохург дича, цунна гира, шен Іаьнан барзакъ тІехь а долуш, лаьтташ ша вижина ву боху шен кІант. ТІаккха ша а, Іан а ца елла елаелира Хеда. Идрис хьовзо а гІоьртина, Хеда ша хьовза а елла, чекхделира гІуллакх. Нанас кхин хІумма а алале:

– Нана, со жимма салазаш а хаьхкина цІа вогІу, тІаккха ас юург а юур ю, ахь де аьлл-аьлларг а дийр ду, ткъа хІинца салазаш хехка ваха бакъо лохьа суна, динна шарахь сатийсина-кх ас кху дийне, – аьлла, кІант шена хьаставелча, нанас ваха бакъо елира цунна.

Хедина дагадеара, ша а мел сатуьйсура дуьххьарлерачу лайлахь ловза, салаз хахка, лайн баба ян а. Мел ду уьш, дагадахкийта лиъча, бераллехь хилла хІуманаш. Уьш дага мел догІу а, логе шад а хІуттий, хорам хилар бен кхин хІумма а ца хуьлура. Цундела дІатоьттура Хедас и жималлин хан. Делахь а и цхьа де диц-м ца лора цунна.

Тахана шен кІанта санна, дуьххьара ло диллинчу Іуьйранна, ненера пурба а даьккхина, шен вешин когсалазаш а эцна, уьш хахка яха тохаелира Хеда. ЙоІа когсалазаш хоьхкуш ца хуьлу, ас хьуна тІехууш йолу дечигсалаз йийр ю, хьайна атта хоьхкур ю ахь, аьлла, дас салаз йира Хедина.

Цу салаз тІехь гу тІера чухахкаелла йогІучу Хедина, мичара долу а ца хууш, цхьа доккха жІаьла тІаьхьаделира.

Бераша маьхьарий хьоькхура, цхьаберш салазаш тІера охьабетталора, ткъа жІаьла Хедина юххе а иккхина, лета а леташ, дедда догІура. ТІаьххьара, пальто а лаьцна, салаз тІера чукхоьссира цо иза. Доккха а, онда а ша хиларе терра, жІаьло, пиллиг санна, ловзайора йоІ. Мохь хьоькхура Хедас, бераша орцанаш дохура. Эххар а, баккхийнаш тІе а кхаьчна, жІаьлера схьаяьккхира Хеда. ТІеюьйхина дуккха а хІуманаш хиларна, чІогІа лаза ца еш яьллера, цхьа-шиъ мерцхалг даьккхинера, масийттанхьа меже Іарж а йинера.

Хедина, больнице а йигна, жІаьлех цамгар ца ялийта, мехий туьйхира. ЖІаьло ша хьекхийча а, оццул Хеда елха а ца йилхира, и мехий тоьхча санна. И дага а деъна, гІеххьа елар а иккхира Хедин.

Цул тІаьхьа, цу жІаьлех хІун хилла, цхьанне а ца хиира, и хьéрадаьлла хирг хиларх-м кхийтира массо а.

Ткъа Хедина, ша жима хиларе терра, сихха гІоли хилира. Цхьаммо ала ца аьлча, дага а ца догІуш, дицделира и ирча де. Амма йоккха мел хуьлу, и саннарг, иштта кхин а бераллехь хилларш дагадаьхкича, тахана салазаш хехка вахана шен кІант санна, цу берех дІа а кхетта, цаьрца ловза яххал, бералло шега дІакхойкхуш-м хетара цунна.

Делахь а, Хеда йоккхайоьра, тахана цу берашца шен ловза йиш яцахь а, царна маьрша еанчу заманах. Цо ойла йора, геннахь, гу тІера чухехкалун, лай тІехь тІедарчий санна, бераш гуш, цо уьш, хьесап деш, дагардора, цо уьш хІора а шен бер санна хьостура, цхьа тІеда чухахкабели, ши тІеда чухахкабели, бохуш. Уьш тІедарчий дацара, уьш салазаш хоьхкуш, ирсе еанчу замано дегнаш хьоьсту бераш дара, уьш лаьмнийн тІаьхьенаш яра.

Ткъа берашна-м ца хаьара, Хедас къайлах шаьш хьестар, и шайх хьегар а.

#чеченскийязык#нохчийнмотт#стела1ад#туьйрнаш#стихаш#дийцарш#дошам