Created by Derkaz Adamov

Лайн зезагаш (дийцар)

Алиев Мохьмад



– Нана, нана, со жимма ловза ваха мегий, хьен ца луш ц1а вог1ур ма ву со? – бохуш, мохь беттара к1анта.

– Ахьмад, дикниг, ловза-м вохуьйтур ас хьо, б1аьстенан юьхь хиларх, х1инца а латта шийла ду хьуна, хаий ма 1елахь, цомгуш хир ву хьуна хьо!

– Дика ду, нана, 1ийр вац со, – аьлла, ша йиллинчу метте д1авахара Ахьмад.

Дукха хан яра Ахьмад схьа ца кхочуш, Салман и ларвеш 1а. Геннахь ведда вог1у Ахьмад а гина, доттаг1 жимма дуьхал вахара.

– Ахьмад, хьо ма хьевелира, вайшиъ, гена ваха дезахь, ц1а ван хьелур ма ву, хьо х1ун деш вара?

– Декъа т1ехь цхьацца г1уллакх дан дезаш нисделира сан, ткъа ненера пурба доцуш вог1ийла а ма дац. Цуьнга ловза воьду аьлла веъна со, ч1ог1а даг т1ехь вас ю суна, айса цунна аьшпаш боттарна, ас цкъа а дина х1ума дац иза.

– Ахьмад, дукха холчу ма валахьа, со а ву хьуна ишта веъна, х1ара дег1 доккхуш сайн нанна аьшпаш боьттина к1ант вац со. Вайшиъ вешан наношна совг1ат дан г1ерташ ма ву, церан дезачу денна. Тахана церан деза де ду – 8-г1а март. Мел хазахетар ду цаьршинна вайшиъ шаьшшинна лайн зезагаш а дохьуш веъча.

– Дера, ишта-м ду иза.

– Т1аккха вайшимо сихо ян еза, цхьа маьлхан басе яра стохка со а, дада а дечке ваханчу хенахь, суна гина цигахь хила тарло и зезагаш.

–1уьйранна г1ойла мукъане хиллехьара? – элира Ахьмада.

– 1уьйранна ишколехь ца хиллехь, вайшиъ-м 1уьйранна а г1ур вара.

– Гена юй и меттиг, вайна делкъалт1аьхье ю, буьйса йолахь, вайшинна ц1а ван хуур дац, кху хенахь денош доца ма хуьлу?

– Гена яц, д1о дукъал т1ехьа ваьлча ю, моьтту суна, иза.

Ахьмад, Салман 7-г1а классехь доьшуш вара. Жима волуш дуьйна ч1ог1а доттаг1алла дара цаьршинна юккъехь. Даим цхьаьна ловзура и шиъ, урокаш а цхьаьна йора цаьршиммо. Тахана а, даим санна, цхьа барт а хилла, наной декъалбан лиъна, хьуьнха зезагаш даха воьдуш вара ши доттаг1.

Дукъ д1адаьлча а ца карийра шина к1антана лайн зезагаш кхуьу меттиг. Хьалха а ваьлла, сиха болар эцна воьдура Салман. Ахьмад саготта вара. Суьйре т1ег1ерташ яра, амма доттаг1чуьнга х1умма а ала ца х1уттура и, ша кхеравелла аларна кхоьруш, цуьнан сагатлург шен нана яра. Могуш яцара Ахьмадан нана, дагца цамгар йолуш яра. Цундела цунна цхьаъ хиларна кхоьрура иза. Т1аьххьара са а ца тохаделла, Ахьмада элира:

– Салман, вайна суьйре ю, вайшинна и ахь юьйцу меттиг карош а яц, вайшиъ юхаверзий!

– Кхеравелла хьо, Ахьмад?

– Дера ца кхеравелла, хьуна хаьа сан нана дагца цамгар йолуш юй, и мегар яц-кха.

– Мегар ду, жимма лакхахьо а ваьлла, нагахь т1аккха а и меттиг ца караяхь, д1авоьду вайшиъ, – элира Салмана. Юха жимма хьалаваьлча: ДIогахь ю-кх, Ахьмад, вайшиъ схьакхечи, – аьлла, д1ахьаьдира. МаьI-маь11ехь лайн к1елхьара хьаладевлла а, вуьшта ло дешна д1адаьллачохь а кхаьршинна даха шортта зезагаш дара. Самукъадаьлла д1асауьдура ши к1ант. Х1оранна а дуккха зезагаш даха лаьара. 1аржлуш хилар ца гора цаьршинна, буьйсанна хьуьн чохь х1умма а ца гой хаа, буса, цкъа хьуьн чохь хилла а вацара и-шиъ. Тоъал зезагаш а даьхна, д1асахьаьжча, Салман вуьйхира.

– Вайшиъ мичахула схьавеара? – аьлла, хаьттира цо зезагийн ц1ов шен марахь нисбеш воллучу Ахьмаде.

– Муха, «мичахула», хьуна некъ, ца хаьа? Хьо ма ву вайшиъ схьавалийнарг!

– Со цкъа а хилла меттиг ма яц х1ара, – элира Салмана. Ша шен деца кхузахь хиллехь а, 1аьржа хиларна, ца евзира цунна и меттиг.

– Дера сан корта-м хьаьвзина х1инца, сиха 1арж а ели вайна-м, сирла елхьара а, некъ каро там бара суна.

– Вайшиъ латтарх г1уллакх хир дац, ц1а вахалой хьажа веза вайшиъ, – аьлла,

шаьшшиъ стенга воьду а ца хууш, хеттачу аг1ор д1аволавелира и - шиъ.

Ши к1ант суьйранна ц1а ца веъча, орца делира юьртахь. Ерриг юрт ара а яьлла, хьаннашца лаха яхара. Ахьмад, Салман хьуьн чу вулуш гина хиллера т1аьхьа дисна хьайбанаш лаха ваханчуьра вог1учу кхеран цхьана юьртахочунна. Цо гайтинчу аг1ор д1абахара нах. Каралоцу чиркхаш дара х1орангахь, цаьрца бен ког баккха а сагур дацара хьуьн чохь. Маьхьарий детташ, хьаннашца д1аоьхура нах. Царна хаьара, ши к1ант, тховса арахь висахь шелонна мегар воций, акхарой т1енислахь, цара зулам дан а тарлора.

Мел некъ барх, цхьанхьа а хьуьнчуьра аравала меттиг а ца карийна, к1адвелла, шел а велла, сецира ши к1ант. Бешахь г1аш дагош Ахьмадан кисинахь йисна, сирникаш а хилла, ц1е а латийна, вохвала хиира и-шиъ. Цу ц1арах билгало хилира орцанна бог1учу нахана. Шеллуш, т1етт1а а тевжина, вохлуш 1ачу шина к1антана шаьшшинга детта маьхьарий хезира. Х1ара шиъ дуьхьал кхайкхича, цхьаммо схьа мохь туьйхира: шаьшшиъ волчуьра меттах ма вала, шаьш т1е дог1у, ц1е д1а а ма яйта, аьлла. Тийналла йолчу хьуьн чохь йилбазмохь д1а а доьдуш, дика хезара тоьхна мохь. Дукха хан ялале, хьалха бевдда бог1уш кхаьршинан наной а болуш, орца т1екхечира. Бакъдолуш, нах а болуш и-шиъ т1е-м ца еара кхаьршинна, эхь-бехк лоьцура цаьршима юьртахойх. Марахь зезагийн курсаш а йолуш, бехкала вахана, кортош а охкийна лаьтташ ши к1ант гича, массо а велавелира. Вовшашка а хьаьжна, х1ара шиъ а велавелира. Ши к1ант зезагаш а карахь, наношна т1еволавелча, нах буьйлучура севцира. Шиммо барт бича санна, зезагийн курсаш наношка д1а а кховдош, элира:

– Нана, ас декъалйо хьо, шун зударийн, дезачу денца. Дала декъалйойла хьо, – аьлла. И дешнаш хезча, дукха нехан б1аьргех хиш девлира. Салманан нанас, шен б1аьргех хьаьвдда хиш йовлакхан т1ам хьаькхна д1а а дохуш, ненан безамзца, б1аьргашца хьаьстира шен к1ант, цунна доггах мара а воьллина хьаста лаьара и, амма и дойла яцара, гонах лаьтташ юьртахой бара. Хазахетар совдаьлла, ишта а цамгарца йолу, латта г1ора а ца хилла, когаш т1е лахъелира Ахьмадан нана, т1аккха нахах эхь а хетта, зезагаш к1антера схьа а оьцуш, хьалаг1аьттира, цо шен дагахь элира: со тахна кхийти-кх, айса дика к1ант кхиийний, сайн дахарехь т1етовжа г1ортор юй а.

Цу хазахетро дерриг хьегнарг, лайнарг диц а дина, уьш юьрта схьабаьхкира.

Амма, баккхийчара, цаьршиммо динарг дог хьостуш х1ума хиллехь а, дош даьккхира и тайпана х1ума кхин дийр дац аьлла.

#чеченскийязык#нохчийнмотт#стела1ад#туьйрнаш#стихаш#дийцарш#дошам