Created by Derkaz Adamov

Кхечи бIаьсте

Сейлмуханов Муса



БIаьсте йогIу,Iалам хаздеш.

Кхочу юьрта. Йолу тIех.

Ирсе ойла, дегнаш цIандеш,

Шовда хуьлий Iена тIех.

ДIогахь зезаг хьалакъедда,

Диттах лета хенакIур.

Сирла татол доьду дедда,

Шеца оьций маьлхан нур.

Бераш ловзу. Церан гIовгIа,

Эшарш хуьлий, Iанало.

Денош догIу рогIехь, довха,

Iалам ховха делало.

Полларчий го девлла тIема,

Некъаш дохку зингато.

Йилбаз –дино, хоьхку «кема»

Лерехь хьийзош, сагатдо.

Олхазарш ду баннаш кечдеш,

Генара цIа даьхкина.

Дандезачун ойлаеш,

Йоккха гIовгIа яьккхина.


#нохчийнмотт #туьйрнаш #чеченскийязык #стела1ад #стихаш #бераш #дошам