Created by Derkaz Adamov

Куклахай ц1е йолу олхазар (туьйра)



Аренгахь цхьа дитт дара лаьтташ. Диттан хáра яра. Оцу хáри чохь бен бара. Бен чохь олхазарийн кхо кIорни яра. Цаьрца церан нана Куклухай а яра.

Цкъа аренгахула едда йоьдура борз-эла. Шен чанталшца Iаш йолу Куклухай а гина, буьрса мохь хьаькхира барзо:

– ХІара аре сан ю! Аренгара дитт а сан ду! Диттан хáра а сан ю! Хáри чохь мел дерг а сан ду! Куклухай! Ва Куклухай! Хьан маса чантал ю?

– Сан кхо бер бен дац, – жоп делира Куклухайс.

ОьгІазъяхара борз-эла:

– ХІунда ду уьш кхоъ? Уьш шишша ма дац хьан! И цхьаъ накъост воцуш ду-кх хьан? Иза суна схьало, ца лахь ас омра дийр ду, хІара дитт дІахáдаде аьлла. Кестта Іа а тІедогІур ду, суна дечиг а оьшур ду...

ЧІогІа йоьлхура Куклухай, шен тІемаш а детташ.

Цхьа чантал дІаелира цо борз-элана. КІорни дІа а кхаьллина, борз дІаяхара.

ШолгІачу дийнахь юхаеара борз-эла. Юха а дитта кІелахь уьгІира иза:

– ХІара аре сан ю! Аренгара дитт а сан ду! Диттан хáра а сан ю! Хáри чохь мел дерг а сан ду! Куклухай! Ва Куклухай! Хьан маса бер ду?

– Сан ши чантал бен ца йисна, – элира Куклухайс.

– Ахь хІун до шина чанталх? Хьо миска ма ю. Хала ма ду хьуна ши чантал хьалакхио. Схьало цхьаъ, соьга кхабийта иза, – элира барзо.

– ХІан-хІа, лур яц ас! – мохь туьйхира Куклухайс.

ТІаккха борз-эло хьунхьакхархошка схьакхайкхира. Ира херхаш а дахьаш, уьш схьабаьхкира. Къаьхьа белхар а дина, кхин цхьа чантал а дІаелира Куклухайс борз-элана.

КхоалгІачу дийнахь а еара борз. Хьалха чул а чІогІа уьгІира иза:

– ХІара аре а сан ю! Аренгара дитт а сан ду! Диттан хáра а сан ю! Хáри чохь мел дерг а сан ду! Куклухай! Ва Куклухай! Хьан маса чантал ю?

– Цхьа кІант бен ца висна сан хІинца, – элира бáланех а, кхерамех а халла дийна йисинчу Куклухайс.

– Ас паргІатйоккхур ю хьо оцу кІантана ахь ян езачу гІайгІанах, – элира барзо.

– ХІан-хІа! Лур вац ас сайн тІаьххьара висна волу кІант! Хьайна луъург де! – бохуш, елха хІоьттира Куклухай.

ОьгІазъяханчу барзо хьунхьакхархошка, дитт дІахáдаде аьлла, омра дира. Цара диттах дагарш туьйхира – йисина чантал бен чуьра охьаюьйжира. Иза яа а йиъна, борз-эла дІаяхара.

ЧІогІа йоьлхуш, генна хьуьнах дІаяхара Куклухай.

Цхьана стов-дечиган гаьнна тІе а хиъна, гІийла тийжаш яра иза:

– Аренгахь дитт дара кхуьуш. Диттан хáра яра. Оцу хáри чохь бовха бен бара. Бовхачу бен чохь сан чанталш яра. Ткъа хІинца и сайн миска чанталш а йоцуш йиси со...

Мичара догІу а ца хууш мекара цхьогал схьакхечира.

Дукха хан яра иза берзан метта эла хила лууш лелаш долу.

– Хьо стенна йоьлху, хьоме Куклухай? – кІеда-мерза хаьттира цо.

Теша кийча йолчу Куклухайс шен бáла дІабалхийра цхьогале.

– Ма елха, сан хьоме Куклухай. Со къинхетаме ма ду, – дог тедора цхьогало. – Ас дéрачу барзана дІадéкха гІо дийр ду хьуна. Ткъа ахь, тІема а ялий, массо а хьаннашкахь массаьрга а дІадийца, мел дéра а ю, мел вон а ю и борз.

Борз-эло лело зуламаш массаьрга а дІадийца яхара Куклухай. Ткъа цхьогал нийсса берзан Іуьргана тІедахара.

– Хьо стенга сихделла? – хаьттира барзо, цхьогал а гина.

– Со-м хьéра доьдура, жимма дама даа. Хьархо лулахошка цІе еха вахана, хьéрахь цхьа а вац. Вайшиъ цхьаьна гІой цига, борз-эла? – хаьттира цхьогало.

– Дало, хІета, – резахилира борз.

ХІара шиъ хьéра кхечира.

Барзо, хьалха а яьлла, дама чохь долчу чІоьнна чуьра ша юззалц дама диира.

ЧІоьнна чу дала шен рагІ тІекхаьчча, цхьогало элира:

– Борз, хьо ха дан дІахІотта. Варелахь, яда дага ма даийталахь хьайна.

– Ахь хІун дуьйцу, цхьогал? Суна иза дага а ца деънера. Хьайна парггІат дуза хьо.

– ХІан-хІа, борз-эла, ас дІаехка еза хьо. Со хьелур дац.

– Мегар ду. Хьо дукха Іийр дацахь, дІаехка.

Берзан цІога хьéран тІулгах дІа а дихкина, цхьогало хьер йолаялийтира.

ТІулг хьийза бóлабелира, цуьнца цхьаьна борз а хьийзара.

Хьийзина-хьийзина, халла кІелхьаръелира борз. ЦІога-м хьéран тІулга тІехь дисира цуьнан.

Масех де даьлча, ца хууш санна, барзана хьалха нисделира цхьогал.

– Тáлорхо! – мохь хьаькхира барзо. – ХІара хІун ду ахь суна тІехь динарг?

– ХІун дина ас? – ша ца кхета моттуьйтуш, элира цхьогало. – Суна дуьххьара гуш ю-кх хьо.

– Муха? Хьо дацара, Іеха а йина, со хьайца хьéра йигнарг? Хьо дац со цІога доцуш йитинарг?

– Ватта! Ахь хІун дуьйцу? Ахь хІун боху? – мохь белира цхьогалан. – Со цхьана а тайпана бехке дац-кх! Со къена лор ма ду. Чевнашна дарба лелор доцург, ас кхин цхьа а хІума ма ца до!

– Вай, цхьогал, доьху ас хьоьга, ерзаехьа хІара сан чов, – дийхира барзо. – ЦІога доцуш хьуьнхахь гучуялар эхь ма ду суна. Хьан лорур ю цІога доцу борз-эла?

– Цхьаммо а лорур яц-кх, – тІетáдира цхьогало. – Ас дарба дийр ду хьуна. Амма ахь цхьа хІума кхочушде: соьга ладогІа!

Цхьогало цхьана боккхачу элан хóланна тІеялийра борз.

– Дика дІалачкъа хóланна юккъехь! – омра дира «лоьро». – Ас хьайга кхайккхалц, ара ма къадалахь!

Борз хóланна юкъа хьулъелира, ткъа цхьогал, хóланах цІе а тесна, дІадедира.

Барзо, шех цІе яллалц, са диттира. ХIинца, цІога а доцуш, тІехь мел болу чо а мерцина, йисира иза.

– Хьажал, – элира цхьогало Куклухайга, – барзана ас дан деззарг дина. ХІинца ахь массо а олхазарш а, дийнаташ а схьакхайкха. Цара со эла харжа деза берзан метта. Со къинхетаме ма ду!

ТІéмаяьлла, хьуьнан цхьана маьІІера вукху маьІІе кхаччалц дІаяхара Куклухай, массанхьа а, цхьогалан дикалла а, къинхетам а буьйцуш, эшарш лоькхуш.

Цхьогал ша а дара, шен дикалла а, ша барзана таІзар дар а массанхьа а дуьйцуш лелаш.

– Ткъа хІинца, – элира цо, – керла эла харжа веза. Керлачу элан цІока а хаза хила еза, деха, хаза цІога а хила деза.

Массо а реза хилира цхьогал эла харжа. Еккъа цхьа котамаш реза яцара, амма цаьрга ладугIуш цхьа а вацара.

Цхьогалх эла хилира.

ТІееара бІаьсте. Куклухайс юха а тевна даьккхира. Цхьана лекхачу дитта тІерачу хáри чу а хиъна, иштта йиш лоькхуш Іара иза:

– Ма ирс долуш ю со! Ма хаза чанталш ю сан! Месаш ю церан тІейовлуш! ТІемаш ду церан чІагІлуш! Кестта уьш тІемаевр ю! Кестта хІаваэхула лелар ю...

Йиш лекхна а ялале, догІу цхьогал-эла гира цунна. Цхьогална тІехь деза духар дара. Хаьн тІехь дато тур дара. Курра догІуш дара иза, нийсса Куклухай хиъна Іачу дитта тІе. Цунна тІаьххье вогІуш ши хьунхьакхархо а вара, ира дагарш а дахьаш. Диттана юххе а деъна, цхьогало мохь туьйхира:

– ХІара аре сан ю! Аренгара дитт а сан ду! Дитта чохь йолу хáра а сан ю! Хáри чохь мел дерг а сан ду! Куклухай! Ва Куклухай! Хьайн массо а чантал суна схьало!

– ЛадогІахьа, дика цхьогал, – мохь туьйхира Куклухайс, – со ма ю кхузахь Іаш-ехаш ерг! Куклухай ма ю со! Вай доттагІий ма дара, хьох эла хилале.

– ХІай, сонта олхазар! – элира цхьогало. – Хьоьга-м бакъдерг а, харцдерг а ца къасталой.

Цхьогало хьунхьакхархошка омра дира, буххелц дІахáдаде и дитт аьлла.

Дитт охьадуьйжира. Цхьогал, кІорнеш а диъна, дІадахара.

Иштта «пайда» хилира Куклухайна, мекарчу цхьогалх тешарна.

Цхьогал-эла гІолехь ма дац борз-эланал.

#чеченскийязык#нохчийнмотт#стела1ад#туьйрнаш#стихаш#дийцарш#дошам