Created by Derkaz Adamov

Зуцаева Хадишт



МогIа байна, и цхьа могIа –

Т1е ца тоьу кху иллина.

Ойла хьаьдда цунна тIаьхьа

И схьалаха – массо чиркх а.

Къолам лаьтта, ир а белла,

Кехат-агIо яржайина.

И карабахь доккха той а-м

Вай а хIоттор, Дала мукълахь!

Хелхабийр бу цигахь къолам,

Ойла-йоьхна гIабали.

Лакхахь богуш хир бу чиркх а,

К1айн кехат а, кхаьчна кхаъ.