Created by Derkaz Adamov

Зуй, Пхьагаллий.


Хи йистехь ,малх кхеттачу басехь, схьа а ястаелла, Iуьллуш Зу хилла. Мичара йолу а ца хууш, коьллаш юккъера схьаиккхина Пхьагал. ЧIогIа кхераеллачу Зуьнна, шена хьалха лаьттарг цхьа дера доккха экха ду моьттина . Юьхьанца, сихха хьаьрчина деккъа цIена кIохцIалш а хилла, дIахIоьттина иза, дуьхьало ян кеч а елла. Кхано, Пхьагал йовза а евзина, дIасахьаьжна, гонах кхин цхьа а кхерам а ца хаабелла, хьаьрчинчуьра хеца а елла, кIохцалш нисдан хIоьттина Зу. Пхьагална хиъна Зу шех озаъеллийла.

– Стенах кхераеллера хьо, Зу? – Со-м сайл кхоьруш цхьа а экха хир дац моьттуш яра. Жимма гIовгIа яьлча а , йодий дIалечкъа со. Кхано, хан яьлла , дIа ладоьгIна хьаьжча, дитта тIера гIа хуьлу охьадоьжнарг…

– Со кхоьру бохург-м дац хьан иза? – олий, резайоцуш йистхуьлу Зу. Хьуна ца хаьа, сох массо а акхарой кхоьрий. Сан кIохцалшна тIегIорта ца яьхьа я борз а, я ча а. Ткъа Цхьогало-м заахало хьахийнера соьга , хьоьца гергарло таса лаьара шена аьлла. Цунна дика ма хаьа, хьуьнхара акхарой соьх кхоьрий, – бохуш , даккхий къамелаш долийна Зуьно.



– Доьзаллаш дийриг ! Кураллаш йийриг! Стенна до ахь и сонта къамелаш. Суна дуккха а меттигаш хаьа, кIохцалаш ду аьлла, зуьнаш кIелхьара ца йовлаелла. Ур-атталла – олхазарех а. Цхьогал-м хIунда дуьйцура вай. Цо-м, бIаьрнегIар тохале, ши дакъа дийр дара хьох,– бохуш, карзахйолу Пхьагал. – Ма елахь кхин дIа еса куралла! Со-м къера ю хьуна! Со-м кхоьру. Амма, цхьа догдохийла ю сан – чехка ядар. Цист! Схьахетарехь, коьллашна юккъехула цхьаъ ву схьагIерташ!

– Ван а-м ву! ХIа,иза-м хьан нускал – цхьогал ду хьо йолчу догIуш. Iодика йойла! Пхьагал дIатилира алалахь цуьнга,– олий, дIатасалой, коьллаш юккъе оьккху Пхьагал.

Цхьогал тIекхачале дIаяха ца ларайо Зу.Цхьогал тIе ма деанна, хьаьрчина, уьйриг хилла Зуьнах. КIохцалш ира а хIиттийна, мерах шок етташ, къийсаяла йоьлла иза.

- ХIун хилла хьуна, сан хьомениг ? – хаьттира тIедеанчу Цхьогало. Цомгаш-м ца хилла хьо? Хорша-м ца еана хьуна? Са ма гатде ахь, со хьожур ю хьуна хьоьга, – бохуш, Зу Iехо дагахь къамел долийна Цхьогало, тIаккха, меллаша ког а Iоьттина, хи чу кхоьссира цо Зу: «Лийча – м ца лаьа хьуна!», – аьлла. Хи чу йоьжна Зу, хьаьрчинчуьра хеца а елла, тIекIелйолу, гай тIехула а долуш. Цхьогало иза хи чуьра схьа а йоккхий, шена цунах ижу йо. Ша-шех дозаллаш деш, Зуьно йинчу кураллех хьуьнхарчу акхарошна дийца хIума дисира.


#нохчийнмотт #туьйрнаш #чеченскийязык #стела1ад #стихаш #бераш #дошам