Created by Derkaz Adamov

Ешапца хилла къовсам (туьйра)

Ахмадов Муса



Дакъалоцурш:

Яхьсан,

Лайса,

Акъи – дика жухарг,

Бакъи – вуон жухарг,

Бозбуунча,

Ешап,

Бераш.

Гучуволу Бакъи. Шен юьхь тIера туьтмIаьжиг дIайоккху цо.

Бакъи. Хьажахьа кхаьрга!

Хелхарш дан дІабуьйлабели!

Ас йийр ю шуна бІаьсте!

Іа дулуьйтур ду ас! Іа!

ХьаьгІнаш денйийр ю ас,

ХьаьгІнаш. Цхьанна дика

Болх хилча, вукхуьнан дог

Лазадолуш, вуон болх хилча –

Самукъадолуш. Цхьаъ бердах

Вахча, важа, и хазахетий,

ТІома волуш. И низам

Хьакъ ду адамашна.

Ас гур бугІур бу царна кхуззахь. Уьш холчахІитто. И Яхьсанний, Лайсий юьстахдаккха деза! ТІаккха атта хир ду нах Іехо, тило. Цкъа йоккхачу стагах дагавала веза.

Еший, Еший, суна ийши!

Гучуяла Еший, Еший,

Хьан хьехамаш суна ийши!

Уьшал чуьра ша а беши,

Лам буьххьера ло а деши!

(Гучудолу Ешап)

Ешап. Хьо хІунда кхойкхура?! ХІун хилла хІинца?!

Бакъи. ГIо дехьа суна.

Ешап. ХІун гІо оьшу хьуна?

Бакъи. И Лайсий, Яхьсанний холчахІотто!

Ешап. И дан ца хаьа хьуна? Хьо маца Іемар ву вуон хІуманаш дан?!

Бакъи. Ахь Іамош ма ву со! Іамавахь, хІинца а.

Ешап. Іема хан а тІехъяьлла хьан! Хьо кхидІа ца Іемаш хьелахь, ас ор чу кхуссур ву хьо! Во! Ор! Ор даккха деза.

Бакъи. Некъа юккъехь муха доккхур ду ор?! Наха со вуьтур вуй и дан?

Ешап. Некъа юккъехь ма даккха, эвлан йистехь даккха! Доккхачу Зезагна уллехь. Амма цу тІе боьду некъ марзбе!

Бакъи. Ас муха марзбийр бу иза?!

Ешап. Цуьнан айхьа ойла е, иза а хьуна ца хаахь, хьох дан хІумма а дац.

(Ешап къайладолу)

Бакъи. «Ойла е»! «Ойла е»! Хьуна атта ма ду, ойла е ала. ХІун дийр дара! ХІан, дагадеа! Цкъа хьалха ор даккха деза! Юха, иза дІа а хьулдина, тІе зезагаш дохкуш, буц а юьллуш... ТІаккха тІебоьду некъ хазбеш, йозанаш яздина, уьнан паттарчий хІиттор ю ас! Хьай даьдиса Бакъин! Ма харцахьаяьккхина кетар ю-кх хьо!

(Кхос-кхоссалуш, къайлаволу.)

Яхьсан. ... Бозбуунчас и Доккха Зезаг ларде ма элира тхойшинга – Лайса цІа яха, цІахь шен гІуллакхаш ду аьлла. Со кхузахула ваьлла леллашехь, Бакъис я Ешапо и Доккха Зезаг дожадахь, юха а сингаттаме хир ду-кх! Ваха веза со и Зезаг долчу.

(Вухавоьрзий, дІаволало.

Бакъис хІоттийнчу гайтаман уьн тІе кхочу. Цу тІехь яздина ду: «Хазачу метте дІакхача – 500 метр»).

ХІара мичара даьлла, хІара у?

ХІинццалц ма дацара хІара. И хІун «хаза меттиг» ю. Хьажа веза...

(Кхин дІа а воьду. ТІекхочу керла гайтаман у долчу. Цу тІехь яздина ду: «Зезагийн хьаьтта дІакхача – 300 метр»).

И хІун зезагийн хьаьтта ю? Катоьххана дІакхача веза.

(КхидІа а воьду. Гучуйолу кхин цхьаъ а некъгойтург. Цу тІехь яздина йоза: «Дуьненан ялсамане дІакхача – 100 метр»).

ХІара ду хаза! ХІара тайпа хІума суна дуьйцу а ца хезна! Цхьа хІилла хила а тарло.

Делахь а, кхидІа хІун ду, хьажа-м веза.

(Кхин дІа а воьду. Эвлан йисте волу. Керла некъгойтург. Цу тІехь яздина ду: «Вадий, вадий, зезагашца го бинчу метте юккъе кхоссало. Цигахь ю хьуна ирсан гІайре»).

ХІаъ, хІокху минотехь кхоссалур ву! Аш бохург дан Іовдал ма ву со! Гучудели суна шун хІилла! Ас цкъа хьалха тІулг кхуссур бу цу юкъа... ТІаккха цунна хІун хуьлу, хьовсур ду вай!

(ТІулг кхуссу. ТІулг къайлаболу)

Хьажахьа, ор хилла-кх цигахь даьккхина. И ор даьккхинарг ша оьккхийла цу чу!

Бакъи. Хьажахьа, суна моьтту чул а хьекъал долуш хилла хІара-м. ХІара тІеверзо къахьега деза.

(Доккхачу Зезагна уллохь гучуволу)

И кІант сайна тІеверзо веза. ТІе ца верзахь, хІара дІаьвше мáха а Іоьттина, цунах мотт хуу Тоти йийр ю ас.

КІант. ХІунда гІерта хьо оцу Доккхачу Зезагна улле? ХІун ду хьан дагахь?

Бакъи. Сан даг чохь, сан бІаьргаш чохь дерг ду-кх. БІаьргаш беша ца хаьа хьуна?

КІант. БІаьргаш бешча, хьагІ ю-кх хьан бІаьргаш чохь. ХьагІ. Бода бу-кх, бода!

Бакъи. Нийса боху! Нийса боху! ХьагІ а ю, бода а бу! Мел там хуьлу, хаьий хьуна, сан дагна, адамашна юкъа хьагІ яржош, бода баржош. Хьо церан паччахь хуьлу, уьш – хьан лайш! Амма суна цхьанна хала ду. Хьо схьакхета сох! Дуьненан хІуманан да хир ву хьо!

КІант. Ахь хІун юьйцу? Сан цІе – Яхь-сан хилча. Со дуьнен чохь яхь яржо езаш ву. Оьзда яхь.

Бакъи. ХІинца дуьнен чохь хьагІ яржо дезар ду хьан. ХьагІ-сан хир ву хьо!

КІант. Цкъа а хир дац и хІума.

Бакъи. Мел атта ду, хаьий хьуна, иза. Йохьана юххехь ма ю ХьагІ. Ахь юьстах цхьа ког баьккхичхьана, ишал чу волу хьо. Ишалахь мел дика ду! Цхьа ша тайна йовха ишал ю иза, хьан дегІана а, дагна а там беш! Ас Іамор ву хьо катоха, лачкъо. Мел самукъадолу хаьий хьуна, къола дича?!

КІант. ДІасаца! Ас легаш Іовду хьан!

Бакъи. И ахь эшарш лоькху йоІ а, хьан лай хилла, ишала южур ю.

КІант. Вожа, хьаха, вийр ву ас хьо!

(Чухьоду)

Бакъи. Реза ца хилахь, ас хьох хабарш дуьйцу Тоти йийр ю.

КІант. Тоти, хьаха, йийр ю ас хьох!

(Бакъина тІекхета, ший а вовшахлета. Эххар а, тешнабехк а бой, шен пхьуьйшара дІаьвше мáха Іутту Бакъис кІантана. КІантах Тоти хуьлу. Иза гура чу юллу Бакъис)

Бакъи. Сан накъост хила ца лиира хьуна. ХІинца дІалаца!

Сайна дуьхьалваьллачунна ас изза до. ХІинца Іийр ву хьо хьайн гура чохь, хьайна тасахь, кІен буьртигаш а дууш, тІе хедарара хи а муьйлуш.

ХІинца хІара Доккха Зезаг шен ден мерашка дІадахийта деза.

(Доккхачу Зезагна а шен карара мáха Іотта тІеволало, амма эццахь, Лайса гучу а йолий, юкъахвуьсу)

Лайса. Хьуна гирий Яхьсан?

Бакъи. Суна-м ца гира цхьа а Яхьсан а, я ХьагІсан а. Сан цхьаьнцца а бáла а бац! Со, хІара Тоти а эцна, нехан самукъадоккхуш, сайна сискал яккха гІерташ араваьлла лела.

(Тоти чохь йолу гур схьа а оьций, дІаваха гІурту.)

Яхьсанан аз. Цо сох Тоти йина! Цо мáха Іоьттина!

Лайса. Собардел цкъа! И хІун аз дара?!

Бакъи. (Шен карара гур охьа а хІоттош) ХІара Тоти ю, ас мотт Іамийна кхунна.

Яхьсанан аз. Бакъ дац! Цо мáха Іоьттина суна.

Лайса. Ас бийр бу хьох хІур, ва аьшпийн кІур!

(ТІекхетий, лета. Бакъи дуьхьала лета. Дехха дІадоьду церан тасадалар. Лайсил ша тулур воций хаьий, Бакъи хІилла хьовзо гІурту.)

Бакъи. Собар! Цкъа собардехьа!

Лайса. ХІун хилла хІинца?!

Бакъи. Товш дац баршана йоІаца латар. Цул а ас цхьа хаттар дийр ду хьоьга. Ахь цунна жоп лахь, хьо туьйли, ца лахь – со туьйли!

Лайса. ХІун хаттар ду иза?

Бакъи. Маса ког бу исскогберган?

Лайса. И ду хаза? Исс бу-кх!

Бакъи. Бакъ дац! ХІара уьтталгІа а бу хьуна.

(Шен кучан пхьуьйшара мáха гучу а боккхий, Лайсина Іотта гІурту. Амма Лайсас, цкъа мийр тухий, мáха божабо, шолгІа мийр тухий, и ша а вожаво.)

Лайса. Ас бийр бу хьан болх, ва аьшпийн кIур.  (Схьаоьций, дIаьвше мáха Iутту Бакъина. Цунах Іаьржа бос болу Тоти хуьлу.)  Бакъи. Сох Тоти хилла, со Тоти хилла. Ас хІун дийр ду?  (Воьлху.)

Лайса. Бозбуунча! Бозбуунча! Тхан догдика Бозбуунча! Мичахь ву хьо?

(Гучудолу Ешап)

Ешап. ХІунда хьоькху ахь мохь! Ас Бозбуунча гойтур ву хьуна, хьох хьайх Іаьржа къиг а йина! Мила ваьхьна ас динарг дохо! Ас хир ду аьллариг хилла ма даьлла! Ас хир дац аьллариг ца хилла ма даьлла! Цкъа хьалха кху шайтІанан когах Іаьржа къиг йийр ю! Цуьнца цхьаьна Іаржлур ду хІара дуьне а – гуттаренна а! (Лайсина тІейолало)

Лайса. Бозбуунча! Бозбуунча! Орцахвала суна!

(Цхьа «тамашийна» гучуволу Бозбуунча)

Бозбуунча. Со схьакхечи-кх!

Ешап. ХІан! Хьо ву и! Ас динарг дохо гІертарг?! ГІуллакх хир дац! Ас боххург хир ду!

Бозбуунча. Ахь хІун боху-м, хьанна хаьара?!

Ешап. Ас боху, бода хир бу массанхьа а, бода! Нехан дегнашкахь а бода хир бу! Арахь а, чохь а – бода, уьшалш, кІормодаш, хатташ!

Бозбуунча. Хир дац ахь бохург. Серло хир ю массанхьа, серло! Нехан дегнашкахь а серло хир ю! Гергарлонаш, марзонаш хир ю! Ахь лелораш моттаргІанаш ю, нехан дог-ойланаш йохош! Хьоьга далуш хІумма а дац!

Ешап. Иза-м хІинцца хуур ду хьуна, ас хьайх Іаьржа къиг йича.

Бозбуунча. Хьажал, хьайн хІун хуьлу!

(Ешап, уьшарш еш, Бозбуунчех Іаьржа къиг ян гІерта)

Ешап. Бода – соьца! Орцахбáла, бода!

Лайса. Серло – тхоьца! Серло – тхоьца!

Акъи. Тола еза серло!

(Дуьне цхьана юкъана кхулу. Ешапан гІуллакх ца хуьлу)

Бозбуунча. ХІинца хьажа хьо, ас хьайх хІун йо!

Шарам, тарам, ларам, барам.

ХІораннан а бу шен барам.

Шорам, къорам, хьорам, орам.

ХІораннан а бу шен орам.

ХІотта, хІоттий бáла, барам!

Денло, денлой бáла, орам!

(Ешапах Іаьржа къиг хуьлу. Иза къайлайолу. Цуьнца цхьаьна кІайчу Тотих Яхьсан хуьлу. Къегий, дІахІутту дуьне)

Лайса. Далла бу хастам! Вай туьйли!

Акъи. Серло туьйли!

Яхьсан. ОххІай! Ма садукъделлера сан оцу гура чохь! Баркалла, Бозбуунча. Бакъис тешнабехк бинера суна.

Бозбуунча. Иштта хиллийца иза. Мичахь ву Бакъи?!

Лайса. (Іаьржачу Тотина тІе пІелг хьажош) ХІара ву-кх.

Бозбуунча. ХІара-м Тоти ма ю.

Лайса. И суна шен дІаьвше мáха Іотта гІерташ вара, ас, схьа а баьккхина, цунна Іоьттира иза. Цунах Іаьржа Тоти хилира.

Бозбуунча. Иштта делахь-м, шен меттиг карийна цунна. Гура чохь вита!

Берийн аьзнаш:

– Бозбуунча! Дезде хІоттадехьа!

– Бозбуунча! Хьехамаш бехьа!

– Бозбуунча! Тамашийна хІуманаш гайтахьа!

Бозбуунча. Ой, хІоттор ду-кх Дезде а. Амма дезчу дийнахь шарахь а самукъадер дац вайн, Доккха Зезаг ден ца дахь.

(Шен илли а олуш, куьйга эшара Доккха Зезаг дендо. Хазахетарх дузу адамаш, бераш, уьш хелхадуьйлу, иллеш а олуш)

Деза де, деза де,

Марша догІийла.

Хелхаран бал хьовзабеш,

Хазахетар дохьийла.

Массеран а доьзалшка

Кхачадойла совгІаташ.

Дегнаш дохуш эшаршка,

Олхазарш а декийла!

Диканиг бен ца дан кхин

ЧІагІо йийр ю вай.

ТІаккха сирла хир ду хи,

Дегнаш хир ду кІайн.

(Бозбуунчас совгІаташ ло берашна)

Бакъи (воьлхуш). Цкъа ладогІийша соьга. ЛадогІийша!

Бозбуунча. ЛадогІа, бераш! Хьовса вай, кхуо хІун боху.

Бакъи. Ткъе итт шо хьалха, со жима бер долуш, иштта Керла шо дара. ГIура-Дадас массо а берана совгІаташ делира. Суна ца делира. ХІетахь дуьйна сан кийрахь кхоллаелира хьагІ, массаьрца а, дерриге дуьненца а.

Ахь хІинца со кху гура чуьра араваьккхина, суна совгІат делча, дІаер яра сан кийрара хьагІ. Ас дика гІуллакхаш бен дийр дацара.

Бозбуунча. Теший вай цо дуьйцучух?

Берийн аьзнаш. Теша! Теша!

– Теша!

– Теша!

Бозбуунча. СовгІат лой вай цунна?

Бераш:

– Ло!

– Ло!

– Шиъ ло!

– Шиъ ло!

Бозбуунча. Делахь шиъ лур ду вай: цунна хьалха далаза диснарг а, таханлерниг а.

(Бозбуунчас «тотин» аматах паргІатвоккху Бакъи. Цунна ши совгІат ло. Иза массаьрца цхьаьна илли ала а, хелхавийла а волало)

Массара:

– Оха нийят до:

Кхин бода кху махка ца баийта, хьаьгІнаш дІаяха!

– Хьаьрдаш яго!

– Нехаш ца яржо!

– Вуочуьнца къийса!

– Зуламхо сацо!

– Лаьтта тІехь дуккха а зезагаш диен!

– Гуттар а хаза дешнаш баха!

– Дала декъалде вайн къам!

– Дала декъалбе вайн мохк!

(Ловзарш, хелхарш, иллеш).

Кирхьа.