Created by Derkaz Adamov

Гуьйре(стих)


Демеев Iалавди


«Нана дитт ца лов ас мох

ЧIогIа беттало и сох,

Дехьа суна жимма гIо–

–Олуш дистхилира гIа:

«Керланиш довлийта бIаьста,

Шен хан кхаьчча гIаш дIакъаьста,

Хьо а ду уьш санна можа

Гергадахна охьадожа»,–

Бохуш, дитто жоп делира,

Цуьнан аз цхьа гIелделира…

Ткъа гIа-м охьадуьйжи лаьтта

Диттах дала дацарх атта.


#нохчийнмотт #туьйрнаш #чеченскийязык #стела1ад #стихаш #бераш #дошам