Created by Derkaz Adamov

Гена некъ (Туьйра)

Моллаева Малика

Къегина малх а, хIорд санна сийна, хаза гуш йолу стигал а дIахьулъеш, цхьа барт бича санна, массо а агIор, кIеззигчу ханна тIеттIагулъелира Iаьржа мархаш, шайца шийла догIа а дохьуш. ДIахьаьжча даккхий лаьмнаш, куьг кховдийча тIекхочур дара моьттуш, уллехь дара Беной – Ведана. Юрт чIогIа хаза яра, кхин я юй те иштта хаза юрт аьлла хеташ. ДогIанан тIадамаш эга доладелча, шашега къамел дан йолаелира Маржан, цунах цатам баьлла. Маржанна догIа дан цалаар бахьана дара, кхана сатасале, Iела а, Мадина а лам тIе хьажо дезаш хилар.



Ламанца Iар-дахар долчу наха, хIора шарахь, бIаьстенца лаьмнашка дажо дIадуьгура шайн даьхни. Маржан ехаш йолу юрт Беной – Ведана а, цара даьхни дажо дуьгуш долу лаьмнаш а вовшех къастош дара доккха хи Хьера - Ахк. ДогIа догIучу хенахь барам боцуш доккха хуьлура иза. Сих-сиха стигала хьалахьожуш, шайн рагIу кIел нуй а хьокхуш: «Йочана дукха чIогIа хилахь, и хи ма доккха догIур ду-кха», – бохуш ойланаш йора Маржана.

Iела вара кханенна шена лома ваха кечам беш, догIа дарах, хих вала веза ша аьлла, ойла ян башха кхетам бацара я Iелин а, я Мадинин а. Уьш хIинца а кегий бара иштта ойланаш ян. Амма кегий бара аьлла, уьш кхоо аьтто болуш яцара нана. ТIом болчу хенахь лазийна, когаш ца лелаш меттахь вара цуьнан хIусумда. Дерриг цIийнан дукъ ша дIакхоьхьуш йолчу Маржанан дан хIума дацара шен жима ши бер лаьмнашка даьхни эцна ца дахийтича. Кханалера тIаьххьара де ду шайн, цул тIаьхьа кхин даьхни тIеоьцур долуш дац, иштта а дукха ду тIеэцна даьхни, аьлла, хабар деънера Маржане тахана Iуьйрана, лаьмнашкахь даьхни дажочу нахера. Цундела яра иза иштта ойлане яьлла. Меттахь волу хIусамда а витина, лаьмнашка ша яха аьтто болуш а яцара иза.

— Нана, Нана, – аьлла, кIант кхойкхуш а хезна, карара нуй мал а беш, хьалатаьIира Маржан.



Цунна гира, куьйгаш тIе а, юьхь тIе а сийна сир хьекхна, велакъежаш лаьтта Iела а, цхьана боккхачу тIоьрмиг чу Iежаш а гулдина, цунах шад бан гIерташ йоллу Мадина а. ДогIа деъча, шайн ненан синтем боьхний хиъна долу ши бер догIа дIасецна ала гIертара. Ойлане яхна, шен гIуллакх деш йолчу Маржанна догIа дIатуьйш хаа ца деллера.

— Нана, догIа дIасецна вайна, – элира Мадинас, Iелел хьалха а иккхина, нанна хьалха диканиг хила лаарна.

— Вай, саца а ма сецна, – олуш, йоккхаеш, дIахьаьжира берашка Маржан.

Iелина тIехьекхна сир а гина, цунна дов дан иръелла йолу нана, догIа дIасецна гича, цунах кхаъ хилла, дагна кIадъелира. Шен нана елалуш гича кIантана хиира, цо дов дийр доцийла.

— Ахьа хIунда хьоькхура и сир, ас айса а хьокхур ма дара иза. Сихха дIадаккха иза хьайна тIера, дакъалахь дIадер дац, – элира нанас Iелига, эсала.

Шайн даьхни кхечарах дIа ца эйта хьокхуш дара цара и сир, хIоранна а маIаш тIе.

Жима делахь а, чIога хьекъале дара ши бер.

Некъана массо а кечам бира цушимма.

Буьйса чIогIа екхна, хаза еара. Сатоссучу хенахь Маржана, шайн даьхни а эцна, новкъадаьккхира ши бер. ДогIа дIасацарх кхаъ а хилла, Далла хастам беш, йоккхаеш яра иза тахана. Iела а, Мадина а, генна лам тIе дIа а хьажийна, цIа еара нана, и шиъ могаш-маьрша цIадоьрзург хиларх дегайовхо а йолуш.

— Новкъадаьккхин ахьа и ши бер? – хаьттира Абус, доккха са а доккхуш (Абу цуьнан хIусамда вара).

Ша меттахь висина хиларе терра, арахь хуьлуш долчунна саготта волуш, дукха хеттарш дора цо даим. Цуьнан хеттаршна собаре жоьпаш дала Iемина яра Маржан. Ша цуьнга дуьйцуш дерг цунна синтем хинболччу агIор дуьйцура цо.

— Даьккхи. Тахана чIогIа хаза де ду, цундела сагатдан ца оьшу цушинна. Новкъахь кхалла хIума а схьаэцна. Селхана догIа доладелча, чIогIа сахьаьвзина яра со. Цхьадикка, дукха ца догIуш, дIатий иза а. Далла бу хастам, х1ара де вайна иштта хаза даийтарна, – аьлла, къамел дира цо шен хIусамдас шега деллачу хаттарна жоп луш.

ХIусамнанас иштта къамел дича, дог паргIатделира Абун а. Iуьйрана малх схьакхетта баланза хан яра иза.

— Малх схькхетта де дохделча, суна чIогIа халахуьлу асар дан, цхьажимма асар а дина, схьайогIу со. Ахь х1ума йуурюй? Со беша яхале, охьайиллий хьуна? – хаьттира хIусамнанас.




—ХIан-хIа, цкъа хIинца башха юург езаш вац со. Цхьажимма салават доккхуш, къулхIанаш а доьшуш Iийр ву со. Хьайн асар а дай схьайола хьо, – жоп делира Абус, дIакхевдина, маьнгин гIевли тIе оьхкина долу шен суьлхьанаш схьа а оьцуш.

Бешахь йийна кхоьш а, хьаьжкIаш а, кхин дуккха а хIума яра. Майбутт чаккхенга гIоьртина хан яра иза. ДогIанаш алсам хуьлура къаьсттана цу хенахь. Цундела сих-сиха догIа хиларе терра, асар алсамдаьлла лаьтташ яра

церан беш. Малх бохбеллачу хенахь асар ца далора Маржане. Коьртаца лазар долуш яра иза, цундела йовхо ца ловра цо. Ша асарна етташ йолчу целан бIаьра хьоьжучура хьала ца тоIура иза, и асар даьккхина яла гIерташ.

Таханлера Iуьйре хаза еанехь а, амма ненан чIогIа сахьаьвзинера лома хьажийначу шен берашна.

***

Яа хIума чутесна схьаэцна тIоьрмигаш, новкъадолучу хенахь деза ца хеттехь а, хIинца-м, некъан бохала, дазделлера Iелина а, Мадинина а. Наггахь, охьахуий, са а доIуш, тIаккха хьалаоьккхий, шайн бежанаш гучуьра довлале олий, царна тIаьхьа а кхуьуш, беха некъ бора жимачу шина беро. Хала дара цушинна, амма хало лан Iемина дара и шиъ. Меттахь висна да а волуш, аьтто боцчу доьзалехь кхиаре терра, халоне дирзина дара. Иштта хала некъ беш дIакхечира и шиъ ишхой лаьмнашка.

Ломахь Iаш болчу наха, кхушиннан жима хиларх тамаша беш, чIогIа беза хьеший бина, Iуналла дира церан. ТIаккха кхушинга са а даIийтина, яа а, мала а елла цIа хьажийра.

Некъан юьстаха шаьшшинна цIазамаш а лахьош, паргIата некъ бора цушимма. Моьттура, таханенна и шиъ паргIата ду. Цундела самукъане доьлуш, вовшашка забарш а еш догIура.

— Iела, со ма кIадъелла, – олуш, сецира Мадина, шегара тIоьрмиг охьа а буьллуш.

Хьалхаваьлла воьду Iела сецира, юха а хьожуш.

— СадоIур ду вайшимма цхьажимма, – элира вашас.

Некъана юьстахдаьлла, садаIа охьахиира и шиъ. ТIоьрмиг чуьра яа хIума схьа а эцна, паргIатделира ши бер. Бепиг, кIалд а кхоллуш, цу тIе хи а молуш, паргIатдаьлла хиъна Iачу шина беран бIаьрг кхийтира цхьана доккхачу куьйранах а, цунах бедда богIучу кхокханах а. Iела ша волчуьра хьалаиккхина, шокъетташ, тIе цхьа гIаж лестош, куьйра къахко гIертара. УллохIоьттина Iадийна Мадина а лаьттара.

— Валахьа тохий цу куьйрана, и кхокха цо бийна дIабаккхале, – бохуш, мохь беттара йоIа шен веше.

Кхокха бедда кхушинна юккъе иккхира, Мадинас бохучух ша кхеташ санна. Куьйра, къаьхкина, юхаделира.

Лаьтта охьабоьжна Iуьллура кхокха, чохь са доцуш санна. Мадина, холчухIоьттина, тIекхийтира цунна:

— Бала-м ца боллу-те хIара, – олуш.

— Лазийна бу иза. БIаьргехь оьху цIий ца го хьуна цунна? – олуш, лаьттара лерина хьалаайира Iелас лазийна кхокха.

Цхьа бIаьрг лазийна бара цуьнан, цу бIаьргах даьлла цIий а дара. Шина беро, чIогIа лерина бIаьргара цIий дIа а даьккхина, тIе куьг хьокхушшехь, саметта беара кхокха. Мацбелла, хьагбелла хила тарло иза аьлла, цунна бепигах даьхна цуьргаш а, цхьажимма тIе хи а малийра бераша.

Вовшийн кар-кара а луш, лерина хьоьстура шина беро и кхокха. Иштта дикка хан дIаяхийтира цушимма.

— Iела, хьажахьа, догIа дан там бара, ма Iаьржа мархаш ю и стигал дIахьулъеш тIегIоьртина, – элира Мадинас, цIаьххьана бодане а хетта стигала хьалахьаьжча, Iаьржа мархаш а гина.

— Вайшиъ сихха новкъадала деза. ДогIа дагIахь, хи доккха догIур ду. ТIаккха вайшиъ цу доккхачу тIех дехьадалалур ду бохург бакъ дац, – элира Iелас.

— Кхокха дIабигий вайшимма? –хаьттира Мадинас шен веше, цунах дог лозуш хиларна.

— Вайшимма хIара кхокха дIахеца беза, тIома балалой хьаьжа. ТIома ца балалахь, дIабигна кхобур бу, тIома болучу хьоле баллалц.

Юьстаха лаьтташ бара цхьа боккха чхар. Карахь кхокха а болуш, ведда цу чхар тIе а ваьлла, и дIахийцийра кIанта. Амма кхокха, ша тIома баьлла дIабоьду а моттийтина, дикка генабаьлча, охьабуьйжира.

Iела хьоьжуш лаьтташехь, Мадина тIеедира цунна. Къинхетаме эсала схьаийцира цо и шен кара, букъ тIехула охьа дайн куьг а хьокхуш.

— ДIабуьгур бу вайшимма иза, – сихха тIевахана шаьшшина тIоьрмиг схьа а оьцуш, элира Iелас.

— ЧIогIа гIийла гуш бу хIара, вай новкъадовлале хIума кхоллий хьажий со хIокхо? – хаьттира Мадинас шен веше.

— Мадина, сихлолахь, вайшиъ дуьсур ду догIа дале цу тIай тIе ца кхачахь. ЦIа кхаьчча яор ахь цунна юург, – олуш, сихха дIаволавелира ваша.

Iеле а хьоьжуш, бIаьргаш къарзийна, цунна тIаьхьакхиа гIерташ сихъелла йогIура жима Мадина, каралаьцна кхокха а болуш. Сихделла догIучу шина берана хаалора, даккхий тIадамаш тIеIенаш. Амма вовшашка хIумма а ца олуш, дистхила ца кхеташ бевдда богIура уьш.



ДогIа а чIаг1делира чIогIа буьрса. Буьйса йоьлча санна, Iаржъелира арахь. Шийла тIедоьлхучу догIано дегI лазош санна хетара жимачу йоIана. Юхахьаьжначу вешина гира, Мадина оза а йина, егош.

— Хьо шелъелла? – хаьттира Iелас, саца а сецна.

— ЧIогIа шелъелла со, – жоп делира йоIа.

— Хьажахь, мел сихделча а, ца кхечи-кх вайшиъ цу тIай тIе хIара догIа доладалале. Хьо шелъелла, вайшиъ хIара догIа дIатоьй хьожур ду. Цхьана дитта буха дала деза вайша, – шен йишех къахийтира вешина.

— Со шелъелча а дац хIума. Вайшимма сихо ца яхь, садовр ду, Iела. ТIаккха вайшиъ, цIа а ца кхочуш, кхузахь кханенга дала тарло. Вайн дадин а, нанин а мел сахьийзар ду тIаккха, – цIахь долчу шен ден, ненан ойла йора Мадинас.

— Дика ду, – резахилира ваша.

ТIедоьлхучу догIанах дедда догIу ши бер эххар а цу тIай тIе кхечира. Хи доккха догIуш дара. Дагчохь гIеххьа кхерам а болуш, цу тIай йисте хIоьттина лаьттара бераш, дехьадовла ца хIуьттуш.

– ХIара хи кхин доккха дале, дехьадалалой хьажа деза вайшиъ. Кху хьуьн чохь дисарна кхераме ду, буьйсанна берзалой а, чагIалкхаш а хир ю кхузахь, – элира Iелас, шен йишин куьг къевллина схьа а лоцуш.

Цхьана куьйга лаьцна тIоьрмиг а болуш, вукху куьйга схьалаьцна шен йишин куьг а долуш, боккхачу кхерамца, вегош, цу тIай тIе ког баьккхира Iелас. Шен вешица хилча, хIумма хир дац шена аьлла дог тешна, башха кхерам шеца боцуш йогIуш йолу Мадина, кхераелла, юхаиккхира, тIай ластош хи доккха дан доладелча. Кхераделча, юхадаьлла сецна а ца Iаш, мелла а цу тIех дехьадала гIертара жима ши бер. ХьалатаьIча, догIано юьхь лазош, охьатаьIча, хьалхара некъ ца гуш, ницкъ хиллера цушинна.

Эххар делира Мадина а, Iела а, доккхачу тIех сехьа. ТIедоьлху догIа кхин лагI-м ца деллера. Бода а чIагIбелира арахь. Цхьа геннахь къегаш чиркх гира Iелина.

— Вайшиъ-м юьрта кхочуш ду моьтту суна, – элира вашас, жимма дог паргIатдаьлча санна а хеташ.

Вашас бохург хIун ду-те аьлла, дIахьаьжначу жимачу йоIана а гира цхьа гIийла къегаш чиркх. Цунах шен бIаьрг кхетча, жимма кхерам дIабелира цуьнан дагчуьра, тIаккха шен вешин куьг дIа а хоьцуш, догIано месашна тIелатийна йовлакх нисдан юьйлира Мадина.

Цхьана агIор схьахезара гIийла угIуш чагIалкхаш а, амма хьалха санна кхоьруш дацара ши бер. Юьрта юккъе а кхаьчна догIура и шиъ.

— Iела, вайшиъ цIа кхочуш ма ду. Хьен хIунда делла бохуш, дов дарна кхоьруш ю со нанас, – элира Мадинас шен веше. Кхерам дIабаьлча, нанас дендолу дов дагадеанера цунна.

Изза ойла еш вогIуш волчу Iелас жоп делира:

— Со а ма ву цуьнан ойла еш.

Иштта, вовшашка къамелаш а деш, цIа кхечира жима ши бер. Доккхачу коьрталех а хьаьрчина, лохачу гIант тIе хиъна Iаш йолу Маржан, лерехь мохь тоьхча санна хетта хьалаиккхира, уьйтIа догIу бераш гича.

Кхин цхьа а дош ца олуш, уьш маракъевлира цо. Хьен хIунда делла бохуш нана девне ца яьлча, Мадинина дагадеара, шен четара кхокха гахь-м дов дийр ду нанас аьлла. Шен ма-хуьллу и гучу ца балийта гIертара иза, амма нана кхийтира, цунна цхьа хIума хиллий.

— Мадина, хьо кхоьруш ю ас довдарна? – хаьттира нанас.

— Нана, – олуш, цхьана куьйга маракъевлира цо Маржан.

Амма кхин цхьа а дош ала ца хIуттура иза. Корта охьа а оллийна цхьа бехк баьлча санна Iара Мадина. Iела а ца хIуттура цхьа а дош ала.

Маржан кхийтира, четахь лачкъийна цхьа хIума юй. ЙоьIан жима куьг схьа а лаьцна, эсала хьаьжира нана, цо шех лечкъош ерг хIун ю. Хаба а хебна, четахь Iаш жима кхокха гира цунна, шен шелделлачу жимачу куьйга Мадинас маракъевлина.

— Вай, Мадина, дадина ма хазахетар ду хIара кхокха гича, – элира нанас.

ЙоI, там хилла, елакъежира.Къинхетам тIехбаьлла, елхар иккхира нене. Амма, ца йоьлхуш, къурд бина, ела а елла, куьйгаш лаьцна чудигира цо догIано дашийна, шелделла бераш.

Iаьржа, йочане елахь а, тховсалера буьйса чIогIа самукъане, паргIата хетара Маржанна а, цуьнан хIусамдена а.

Шайн дадин кара жима кхокха охьа а биллина, шаьшшиъ юххе а хиъна, ша-ша дийца гIерташ, вовшийн юкъа а гIерташ, дуьйцура Iелас, Мадинас шаьшшимма лелийнарг.

Дас-нанас, самукъадолуш, лерина ладоьгIура берашка.

#нохчийнмотт #туьйрнаш #чеченскийязык #стела1ад #стихаш #бераш