Created by Derkaz Adamov

Ворх1 шо долу йо1 (туьйра)



Новкъа ваха ваьлла ши ваша. Царах цхьаъ миска, ткъа важа – хьал долуш хилла. Цу шиннан а йоьжна цхьацца говр хилла: мискачун – кхела, хьалдолчун – айгIар. Арахь Іаржъелча, уьш буьйса яккха юх-юххехь севцина. Оцу буса мискачун кхело бекъа йина. И бекъа яхана хьал долчу вешин вордана кІел керчина. Іуьйранна хьалдолчу вашас, мисканиг сама а ваьккхина, аьлла:

– Же, хьалагІаттал, ваша. Буса сан вордано, яхка а ехкина, бекъа йина! 

Мискачу вашас, хьала а гІаьттина, аьлла: – Ворда муха ехкар ю? Иза-м сан кхело йиний... 

Ткъа хьалдолчу вашас:

– Хьан кхело йина елхьара, и бекъа хьан кхелана юххехь хир ма яра, – аьлла. 

Иштта, къовса а велла, и шиъ цхьана хьаькамна тІе вахана. Хьалдерг кхелахошна ахча-бохча даларца, ткъа мисканиг шен хабарца бакъ хила гІиртина. 

И гІуллакх, гена а даьлла, паччахьна тІе кхаьчна. 

Паччахьо, омра а дина, и ший а ваша шена тІе валаве аьлла. Цо цаьрга диъ хІетал-метал а делла.

– ХІун ю дуьнен чохь уггар а онданиг а, сиханиг а?

– ХІун ю дуьнен чохь уггар а ерстина ерг?

– ХІун ю массо а хІуманал кІеданиг?

– ХІун ю массо а хІуманал хьомениг? 

Оцу хІетал-металшна жоп дала паччахьо кхо де делла царна.

– ДоьалгІачу дийнахь схьа a дуьйла, суна жоп а ло!– аьлла паччахьо вежаршка. 

Ойла йина-йина, хьалдерг, ша шен нана санна лоруш йолу цхьа зуда дага а еана, шена хьехамаш байта дагахь, цунна тІе вахана. И зуда хІара охьа а хаийна, шортта кхунна юург а, мерг а елла, хаттарш дан йолаелла.

– Хьо ма ойлане ву, сан кІант?

– Паччахьо диъ хІетал-метал делла суна, ткъа царна жоп лаха кхо де бен хан ца елла.

– Ваттай! Муха ду уьш, дийцахьа соьга!

– Дера ду уьш иштта: хьалхара – хІун ю дуьнен чохь уггар а онда а, сиха а?

– Эсс - сай! Ма хІетал-метал ду и! Сан цІийнден цхьа 

боьмаша кхела ю-кх. Цул сиха кху дуьнен чохь цхьа а хІума яц-кх! Шена шед тохахь, хьаьдда пхьагална a тІаьхьа кхуьу-кха иза.

– ШолгІа хІетал-метал иштта ду: хІун ю дуьнен чохь уггар а ерстина хІума?

– Вайгахь масех шарахь юстош цхьа къорза  нал ю. ТІех ерстина хиларна, когаш тІе ира-м ца хІоттало иза!

 – КхоалгІа хІетал-метал хІара ду... ХІун ю дуьнен чохь уггар а кІеданиг?

 – Ваттай! Массарна а хууш ма ду иза месийн гоь хилар. Цул кІеда хІума хІун ю те аьлла, дагадогІийла а ма дац.

 – ДоьалгІа хІетал-метал иштта ду: хІун ду дуьнен чохь уггар а хьомениг?

– Кху дуьнен чохь уггар а хьомениг сан кІентан кІант Иван ву-кх!

– ХІай, доккха баркалла ду хьуна, сан нана! Ма хаза хьехарш ди-кх ахь суна. Цкъа а дицдийр дац ас ахь дина гІо! – аьлла, новкъа ваьлла хьалдолу ваша. 

Ткъа миска ваша, къаьхьа белхар а деш, шен цІа веъна. Цунна дуьхьалъяьлла цуьнан ворхІ шо долу йоІ.

– Ва сан дада! Стенна ву хьо, бІаьрхиш а Іенош, къурдаш деш?

– Муха Іалур ву со ца воьлхуш, къурдаш ца деш? 

Цкъа а суна хуур доцу диъ хІетал-метал делла паччахьо.

– Дийцахьа уьш соьга, дада!

– Иштта ду-кх уьш, сан йоІ: хІун ю дуьнен чохь уггар а сиханиг а, онданиг а? ХІун ю дуьнен чохь уггар а ерстина ерг? ХІун ю уггар а кІеданиг? ХІун ю уггар а хьомениг?

– Дада, паччахье ахь  иштта ала деза: дуьнен чохь уггар а сиха а, онда а мох бу. Уггар а ерстина хІума латта ду, хІунда аьлча, массо а йолуш ерг а, ехаш ерг а лаьтто кхобуш ю. Уггар а кІеда хІума куьг ду: адамо, мел кІедачу метта ша дижахь а, коьрта кІела даим а шен куьг ма дуьллу. Ткъа набарал-м хьоме цхьа а хІума дац кху дуьнен чохь. 

Ший а ваша –хьалдерг а, мисканиг а – паччахьна тІе вахана, йиллина хан тІе ма - кхеччи. Цаьрга шингге а ла а доьгІна, паччахьо мискачуьнга хаьттина:

– Хьайна хиира хьуна уьш, я цхьаммо хьийхира хьуна?

– Хьан паччахьан сийлалла! Сан ворхІ шо долуш  йоI ю, цо хьийхира суна.

– Хьан йоІ иштта хьекъал долуш елахь, цуьнга хІара чилланан тай дІало.

Цунах тІехь бустамаш долу хаза гата дайта суна сатасале.

И чилланан тай схьа а эцна, гІайгІане а вахана, цІа веъна миска стаг.

– Бала беъна вайна тІе! – аьлла дас йоІе.

– Паччахьо, хІокху чилланан тайх гата де аьлла, тІедиллина-кх хьуна.

– Са ма гатде, дада! 

Сонера нуй схьа а эцна, цунах чІешалг а яьккхина, шен дега дІакховдийна цо.

– Паччахьна тІе а гІой, хьайна цхьа пхьар лаха ала. 

Оцу пхьере вайна цхьа гура  байта беза ала. И гата оцу гуранна тІехь дан дезар ду. 

Мискачу стага  шен йоІа ма-бохху дІааьлла. 

Паччахьо кхуьнга бІе шовзткъе итт хІоа делла.

– Хьайн йоІе дІало хІорш. Кханале царах бІе шовзткъе итт котаман кІорни даккхийта! – аьлла, дІавахийтина паччахьо и стаг. 

Кхин а чІогІа гІайгІане, кхин а чІогІа балане воьжна цІа веъна и стаг.

– Ва йоІ! Цхьа бала кочара баьлча, важа бала коча беа-кх вайна! – бохуш.

– Са ма гатде, дада! – жоп делла ворхІ шо долчу йоІа. 

И хІоаш датта а деттина, делкъехь а, сарахь а даа дІадехкина цо, ткъа шен да паччахьна тІевахийтина.

– ДІаала, дада, паччахье, оцу кІорнешна цхьана дийнахь кхиийна йолу берцан Іов еза алий. И Іов хила еза цхьана дийнахь охана а дина, цхьана дийнахь дІа а бийна, хьакха а хьаькхна, эрина болчу берцах яьккхина. Кхечу кепара  кхиийначу Іаьвнах вайн кІорнеша зІок а тухур яц алий, дІахаийта паччахье, – аьлла. 

Ла а доьгІна, паччахьо иштта аьлла:

– Хьан йоІ иштта хьекъал-кхетам болуш  елахь, со волчу Іуьйранна схьакхачийта иза: гІаш а ца йогІуш, я говрахь а йоцуш, ерзина а йоцуш, я тІехь духар а доцуш, карахь совгІат а доцуш, я долуш а ца йогІуш.

– ХІай! Иштта мекара хІума-м сан йоІана хоийла а ма дац! Валар бен ца дисна-кх суна  хІинца!– бохуш, ойланаш еш, цІа кхаьчна да.

– Са ма гатде, дада! – аьлла йоІа.

– Вало, таллархой болчу а гІой, дийна йолу пхьагал а, лекъ а эца суна. 

Вахана, дас йоІана пхьагал а, лекъ а эцна. 

ШолгІачу дийнахь шена тІехь мел йолу бедарш дІа а яьхна, шена тІе бой а тесна, кара лекъ а лаьцна, пхьагална тІе а хиъна, паччахьан хІусамашка яхана йоІ. 

Паччахьо шен кевнехь тІеэцна иза. ЙоІа цунна хьалха корта охьатаІийна:

– ХІан, паччахь, совгІат ду хьуна! – аьлла, лекъ дІакховдийна цо паччахье.

– Дика ду, – аьлла паччахьо, – ас  тІе ма-диллара, дерриг а кхочушдина ахь. Схьадийцал соьга хІинца: хьан да миска ву, ткъа шу стенах дехаш ду?

– Сан дас екъачу хийистехь чІерий лоьцу, хи  чу бойнаш а ца тосуш. Ткъа ас, кучан юха чохь чІара схьа а боккхий, цунах чорпа кхехкайо.

– Ахь хІун дуьйцу, Іовдал йоІ! Маца хилла чІара екъачу хийистехь? ЧІара-м хи чохь хуьлий! – аьлла, мохь хьаькхна паччахьо.

– Ткъа хьо ву хьекъал долуш? Мичахь гина хьуна вордано бекъа еш? – аьлла йоІа. 

Цул тІаьхьа паччахьо иштта кхел йина: и бекъа мискачу стагана дІаяла, ткъа цуьнан йоІ шена йита. И ворхІ шо долу йоІ йоккха хилча, паччахъо шена 

йигна, тІаккха цунах паччахьан зуда хилла. 

#чеченскийязык#нохчийнмотт#стела1ад#туьйрнаш#стихаш#дийцарш#дошам