Created by Derkaz Adamov

Вешин хьоза (дийцар)

Жамалдинов Махьма



Беран амал  аьхкенан мох санна ю: хІинцца, чан йоккхуш, дитгийн баххьаш лестош, карзахболу, тІаккха цІаьххьана дІатоь, цкъа a ца хьекхча санна. 

БІаьргашна новкъа  хилар  бен, дегІана шелонца зен ца до. 

Иштта цкъацкъа Жемас шен аьрха амал гайтича, цуьнан нанас олура:

– Собарде ахь, Ризванан хьоза схьадагІахь, ас хьо ма-варра дІавуьйцур ву, хьуна. ТІаккха цо и хабар Ризване дІахьур ду.

– ХІора дийнахь догІу иза?

– Дера догІу.

– ТІаккха цо соьга сан вешигара маршалла  схьа хІунда ца ло? Ас сайгара маршалла а дохьуьйтур ма дара Ризване. 

– Иза сахилале догІу, хьо вижна а хуьлий, дІадоьду-кх... 

ТІаккха Жемин бІаьргашна  хьалха хІуттура дашо тІемаш долу адамийн мотт хуу туьйранехь дуьйцу тамаше олхазар. 

Цхьана дийнахь кора уллехь шен машенаш ловзош Іара Жема. Кора хьалха долчу сиренин гаьн тІе а хиъна, дека доладелира цхьа хьоза.  Шен ловзар а дитина, цуьнга ладогІа хІоьтгира  Жема. Мел лерина ладогІарх, цо «дуьйцучух»  ца кхийтира кІант.  «Корехула ца хеза», – аьлла, ара а ваьлла, юххе  вахара иза. ТІаккха ша хабар дийца волавелира:

 – Суна хІинца а хьан мотг ца Іемина, делахь а суна хьо девза, хьуна. Хьо сан вешин хьоза ма ду. Дуй? 

Хьан дашо тІемаш мичахь ду? Схьа ца лацийта, охьадехкина ахь?  Со Жема ма ву.  Ризванига дІаалалахь  – со воьлхуш вац, хьуна, харцхьа лелаш а вац. Сихха цІавола а ала. Сан сагатло... 

ТІаьххьара дош аларе хьоьжуш Іийча санна, цкъа - шозза «чІир-чІир» а дина, тІомадаьлла, дІадахара хьоза. Иза эскаре, Ризванна тІаьхьа, гIуриг хиларх тешна вара Жема.

#чеченскийязык#нохчийнмотт#стела1ад#туьйрнаш#стихаш#дийцарш#дошам