Created by Derkaz Adamov

Бераша олу

Бераша олу

Зуьнан коч...

Диъ шо кхаьчначу Хадижас хоьтту шен нене:

– Мама! Зуьно шен коч тIе хIунда ца юху?

Нанас жоп ло:

– Цуьнан коч ира мехий долуш ма ю.

– Мама, и мехий ахь схьадаьхча, гучуер юй цуьнан коч?




Прививкаш

– Нана, тахан садикехь ма боккха гIурчIа бара тахана!

– ХIун дара цигахь,Сумая?

– Прививкаш ян баьхкинера лоьраш.

– Хьо елха-м ца йилхира?

– ХIан-хIа!

– Ма дика йоI ю хьо. Ткъа хIунда?

– Суна т1аьхьа ца кхиира уьш.


#нохчийнмотт #туьйрнаш #чеченскийязык #стела1ад #стихаш #бераш #дошам