Created by Derkaz Adamov

Бераш олу


Шахьбетар,гунт-гунт! (Берийн маса ловзар) Бераша куьйгаш лоций гуо бо. Юккъе шайх цхьаъ хааво.Бераша аьтту агIор дуьйлалуш олу: – Шахбетар,гунт,гунт! Юккъехь хиъна волчу хIусамдас олу: Тхан тхов тIехь мила ву? Гонах хьийзачара массара а хатттарна жоп ло: –Тхо ду? Охьахиъначо:–Шуна хIун еза? Вукхара массара а:–Жамбалт деза! Юкъахь волчо:–Тохар даьхнарг?! Гонаха хьийзачара:–Хи чу доьжна! ХIусамдас:–Хи?! –Берийн гоно:–Божо мелла! ХиънаIачо:–Бож?! Хьийзашболчара:–Лам тIе яьлла! ХIусамдас:–Лам?! Гонах хьийзачара:–Хаьрццина бахана!–олий,юккъехиънарг дIахарцаво.Цул тIаьхьа, юккъе кхин кIант, я йоI хаадой, юха а хьалха санна ловзу.

#нохчийнмотт #туьйрнаш #чеченскийязык #стела1ад #стихаш #бераш