Created by Derkaz Adamov

Аьхке (стих)

Ахмадова Тамара



Аьхке –зезаг кхаьчна лаьтта.

Дашо малх а буьлуш бу.

Iалам талла новкъадевлла

Бераш цара хьоьстуш ду.

Ловза, ловза аренашкахь,

Лийча, лийча айми чохь.

Талла, талла хала некъаш,

Ала илли, тухуш мохь.

Нагахь хьуна, буьрса угIуш,

Дуьхьал ялахь, борз я ча,

Кхера ма ло – доттагIий бу,

Майра хеташ хIор а ша.

Ловза, ловза аренашкахь,

Лийча, лийча айми чохь.

Талла, талла хала некъаш,

Ала илли, тухуш мохь.

#нохчийнмотт #туьйрнаш #чеченскийязык #стела1ад #стихаш #бераш