Created by Derkaz Adamov

Аьрзунан, цхьогалан доттагIалла.

ДIаяздинарг–Кибиев Мусбек


Аьрзунан, цхьогалан доттагIалла.

Халкъан туьйра


Цкъа цхьана хенахь аьрзу а, цхьогал а хилла ши доттагI. Шиммо а кIорнеш а яьхна, аьрзуно, стигала долий, стигалахь лохуш, цхьогало лаьтта тIехула йорт етташ, лаьттахь лохуш, оцу кIорнешна ижу лаха ара а долуш, дехаш хилла и шиъ.

Цкъа, цхьана дийнахь, гуттар а санна, арадаьлла хIара шиъ ижу лаха. Аьрзу,тIомадаьлла, стигалхула дIадахна, цхьогал, ша ижу лаха цунна тIаьххе дIадогIу а моттийтина, аьрзу гена даллалц коьллашлахь лечкъаш а Iийна, юхадирзина, кIорнеш йолчу деана. Аьрзун цхьа кIорни а йиъна, иза цIадогIучу хенахь дуьхьал а даьлла, делха хиана цхьогал. Ижу лаха дIадаханчуьра догIу аьрзу цIакхаьчна. Доьлхуш хиана Iаш долу цхьогал а

гина, тIома цунна юххе охьадоьссина, аьрзуно аьлла цхьогале:



– Хьуна хIун хилла? Хьо стенна доьлху, цхьогал?

– Боккха бала боьссина вайшинга: цхьа кIорни йоцуш ю вайшиннан, – аьлла, жоп делла цхьогало.

– Хьайниг яц, я сайниг яц? – аьлла, хаьттина аьрзуно.

– Хьан-сан-м вайшиннан хIун дара, – лаг деханиг яц-кха, – жоп делла цхьогало.

– ХIун дер тIаккха, – аьрзуно а аьлла, шайн-шайн чудирзина ши доттагI.


ШолгIачу дийнахь а аьрзу ижу лаха арадолуш, цуьнца ара а даьлла, ша лаьтта тIехула тIаьхьадогIу а моттийтина, аьрзу стигалахь бIаьргана къайладаллалц коьллашлахь лечкъина а Iийна, иза къайладаьлча, юхадирзина, кIорнеш йолчу деана цхьогал. Аьрзун кхин цхьа кIорни а йиина, иза цIадогIучу хенахь дуьхьал а даьлла, доьлхуш Iаш хилла цхьогал юха а.

Ижу лаха даханчуьра деана цIакхаьчна аьрзу. Къаьхьа доьлхуш Iачу цхьогале хаьттина цо: «Хьуна хIун хилла, цхьогал? Хьо стенна доьлху?» – аьлла.

– Боккха бала беана вайшинна тахана а, – жоп делла цхьогало. – Тахана а цхьа кIорни йоцуш ю вайшиннан.



– Хьайниг яц, я сайниг яц? – хаьттина аьрзуно цхьогале шозлагIа а.

– Хьан-сан-м вайшиннан хIун дара, – лаг деханиг яц-кх, – жоп делла цхьогало.

ШозлагIа а: «ХIун дер тIаккха, Iожалла сацалур яц-кх», – аьрзуно а аьлла, шайн-шайн чудирзина ши доттагI.

КхоалгIачу дийнахь а аьрзу ижу лаха арадолуш, цуьнца арадаьлла, ша лаьтта тIехула цунна тIаьхьа доьду а моттийтина, стиглахь аьрзу къайладаллалц, коьллашлахь лечкъаш а Iийна, иза къайладаьлча, юхадирзина, кхин цхьа кIорни а йиъна цхьогало. Иза тIаьххьара кIорни хилла аьрзун. И тIаьххьара кIорни а йиана, аьрзу тIома цIадоьрзу долчу хенахь цунна дуьхьал дахана, делха охьахиана цхьогал. Деана доьлхуш долчу цхьогална тIекхаьчна аьрзу. Хаьттина:

– Хьо ма къаьхьа доьлху, хьуна хIун хилла, цхьогал?

– Боккха бала бoьсcина вайшинна тахана a: кxин цxьa кloрни а йоцyш ю вайшиннан, дистxилла цxьогал.

– Хьaйниг яц, я сайниг яц?

– Хьaн-сан-м вайшиннан хlун дара, лаг деханиг яц-кх,–жоп делла цхьогало.

Цxьoгале дист a ца хyьлуш, шен бена чу дахана aьpзу.

И гlyллакx хиллачул тlaьxь a дукха хан зама ялалe aьpзуно цхьогалe aьлла:

– Далoxьa, цxьoгал, ворxle a стигалан laьpшашкахyла тlaм тохий, сакъeрий дола вайша?

– Со муха догlyр ду хьоьца цига: тlемаш ма дац сан xьoьца тlомадала? – дуьxьaло йина цхьогало.



– Схьaдола, сан букъa тle хаа, ac доккxур ду xьо стигалан laьpшашка-м! Сакъийрина доьpзур вaйша, – цхьогална тlexaа букъ кleл хlоттийна aьpзуно, ши тIам баржош. Дахана aьpзун букъa тle хиaна цxьогaл. Стигала дaьлла aьpзу, тlaьхь-тlaьxьa лакха айъалуш, гуoнаш доxуш. Иштта стигалан laьpшашка хьалaкxaьчна aьpзу, шен букьa тle хaийна цxьогaл a долуш. Малхана кleл xьaлакхаччалц боxург санна laьpшашка хьaла a дахана, кxин цкъa a нийcса хьала a xьaьдда, цlаьxxьaна шен ши тlам дeгlaна тle таlош, хьaдарexь дегl дахдеш, тlyлгал чехка лaьттexьa чухахкаделла aьpзу, дегle шок тухyьйтуш. Букъa тleра хецаделла цxьогaл, хIаваэхь хийзаш тIекIелдуьйлуш, лаьтта «дуссуш» хилла.

Дахана шен ши тlам баржош цxьoгална юххе иккхина:

– Ала-дийца хlyма дуй хьaн, цxьогaл, доттагIчуьнгa? – aьлла aьpзуно.

– Дийца хIуманaш-м, xьо даха, дара сан,– жоп делла цxьогaло, вyьшта, мlaраш дlатаса, меттиг яц-кх...


#нохчийнмотт #туьйрнаш #чеченскийязык #стела1ад #стихаш #бераш #дошам