Created by Derkaz Adamov

Алиев Мохьмад

Зезагийн курс




Хаза йогIуш яра бIаьстенан юьхь. Цо дохьура хIора шарахь керла-керла, цкъа а ца гиначу тайпана исбаьхьа хаза суьрташ. И суьрташ хуьйцург Iалам дара. Адамийн дог-бIаьрг хьостуш, шен хазаллех уьш дуьзна ца довлуьйтуш, оццул хаза хийцамаш лора Iаламца бертахь хенан хIоттамо.

Ламанца кхин а хаза хуьлура Iалам, и Iалам ган а, цунах марзо эца а вахана, шен ненахой болчохь а Iийна, ша цIа ма-кхаьччинехь, даим а Мохьмадца цхьаьна урокаш еш хуьлуш волу Хьамзат, шен киншкаш а эцна, доттагI волчу ваха араволуш, нанас элира:

– Хьамзат, Мохьмад дукха Iуьйрре схьавеанера, хьо цIахь а ца хилла дIавахара. МохьмадгIаьрга вахча, цуьнан нанас а элира:

– Шен тахана ишколе Iуьйрре ваха деза, шена са ма гатде! – аьлла, киншкаш чохь йолу тIоьрмиг гихь а болуш, кех ваьлла, ишкол йолчу агIор дIавахар бен, шена кхин хууш

хIума дац.

Мохьмад цIахь цакарорна, делккъалц, юххехь доттагI воцуш, цхьана а хIуманах ловза дог ца догIуш, ваьлла а лелла, урокашна ледаро кечамаш

а бина, ишколе вахара Хьамзат.

– Стенга вахана те, хIун ду те ахь динарг? – бохуш, ша-шена дукха хеттарш хIиттадора Хьамзата. Цуьнан даго тайп-тайпана хIуманаш хьоьхура, хьеваларехь цо дог Iийжадора доттагIчун. «Мохьмад, со цIа кхаччалц, хIунда ца Iийра хьо, мичахь ву те хьо, даим а цхьаьна ма вара вайшиъ, стенга сихвелла, мича кхача тIаьхьавуьсуш хилла те хьо?» – бохучу ойланашца ишколан ехачу сени чухула, корта а оллийна, дIасалелара кIант. ХIоранна девзара шинан кIентан гергарло, цундела хIоранна а Хьамзатан дашца мукъане дог эца лаьара. Урокашна чукхайккхалц, ишколан керта богIу некъ ларбеш, корехь лаьттира Хьамзат. Амма, шен доттагI кхин гучу ца ваьлла, чуваха дIавоьрзуш, керта вогIуш Мохьмад а гина, цунах кхаъ хилла, вахана шен метте дIахIоьттира Хьамзат. Чуеара Айзан Арабовна. Дедика а дина, берашна охьаховша пурба а делла, ша а охьахиира иза.



Айзан ненан меттан хьехархо яра. Университет чекх а яьккхина, ишколе балха еана дукха хан яцара йоI. Белхан накъосташа чIогIа лорура иза, дешархошна а дукхаезара хаза гIиллакхаш, кIеда-мерза мотт болу къона хьехархо Айзан. Тахана а, иштта хаза дедика дина, урок дIайолийна, чухула дIасахьаьжча, Мохьмад ца хаавелира цунна.

– Хьамзат, хьан накъостах хIун хилла? Мохьмад ма ца го суна кху чохь, – хаьттира цо. Хьамзат жоп делла валале, неI тоьхна, карахь йоккха зезагийн курс а йолуш, чувелира Мохьмад. КIанте хьаьжжинчохь йисира хьехархо, ткъа бераш цуьнгахь долчу зезагех цецдевлла, уьш цунна мичара девлла ца хууш, хьийса дисира.

– Мохьмад, хьо стенгара вогIу, уьш хIун зезагаш ду хьан, уьш мичара девлла хьуна? – хаьттира Айзан Арабовнас, кIантехь зезагаш гина.

– Айзан Арабовна! Ас декъалйо хьо тIедогIучу нохчийн меттан денца. Дала и мотт тхуна бийца, Iамо дуккха а шерашкахь могуш-маьрша ехийла хьо! – аьлла, ша сийсара ненан маттах лаьцна язйина байт дIайийшира кIанта:

Со воккхаве тахна кху махкахь вахарх,

Кху махкахь хиларх сайн дуьнен чу валар.

Со воккхаве тахна сайх нохчи аларх,

Сайн нохчийн мотт хиларх дуьнене бийца.

Мохь тоьхна йиш ю сан нохчи ву ала,

Орам бу кху лаьттахь хедар а боцуш,

Махко гIатта алахь орцанна кхана,

ЧIагIо ю гIатта сан цхьа шеко йоцуш!

Хьаьнгге а сайн маттахь дош ду сан ала,

Хьаша-да цу маттахь тIелоцу аса,

И мотт суна белларг ю-кха сан нана,

Сан нана, нохчийн йоI –

вайн лаьмнийн заза!

Цу дешнашца Мохьмада шен карара зезагийн курс Айзане дIакховдийра. Iадийна лаьттара хьехархо. Цунна ца моьттинера, шийтта шо бен доцчу кIантана шен дог хьостуш ала оццул хаза дешнаш карор ду. ТIе а яхана, доккхачу баркаллица цо зезагийн курс схьаийцира. Чохь йоккха гIовгIа а йоккхуш, бераша тIараш туьйхира. Ткъа Айзанна гIеххьа шен беснеш тIадийча санна хийтира. ДIа а йирзина, хазахетар садаларна охьабедда беснеш тIера ши тIадам йовлакхан тIам хьаькхна дIа а баьккхина, хьехархочо элира:

– Мохьмад, ас доккха баркалла боху хьуна, вайн мехкан деза ши де цхьаьна а тоьхна, ахь со декъалъярна! Хьо-м воккха поэт а хилла, и хьан боккха кхиам а бу, цу тIехь вайшиммо болх бийр бу, делахь а кхул тIаьхьа хьуо хьуьнах ма гIолахь: я шеллур, я тилалур, хьаннаш яккхий ю вайна. Вало охьахаа.

Цул тIаьхьа урок дIайо-лийра Айзан Арабовнас.

Цу гIуллакхехь шен дакъа лоцийла ца хиллехь а, доттагIчо диначух воккхавера Хьамзат. Сихха ишколехь даьржира Мохьмада шен хьехархо декъалъярх долу хабар. Массо а Мохьмадах воккхавеш вара, цо санна, шаьш а шайн-шайн хьехархой декъалбина хуьлуьйтур болуш, цунах хьаьгна а. Амма тахана Мохьмад хьалхаваьллера, шех эца накъосташна хаза масал а дуьтуш.

Цу дийнахь дуьйна, Айзан Арабовнас гIо а деш, стихаш язъян волавелира Мохьмад, цуьнан уьш дика а нислора. Уьш кестта газетийн агIонаш тIехь арайийла юьйлаелира, юьртахь Мохьмадан, поэт аьлла, цIе дIа а йоьдуш.