Created by Derkaz Adamov

Стих (Айдамиров Абузар)



Ненан мотт, хьуна тIетийжаш,

Хьоьца шай баланаш балхош,

  Хьоьца шайн  дог - ойла гIиттош,

 Ловш Iийна уьш буьрса денош,

Хьоьца ду суна мел дезнарг,

Вина мохк,нанас сан хьестар,

Хьоьца ду сан велар,велхар,

Дахаре сан болу безам. 

#чеченскийязык#нохчийнмотт#стела1ад#туьйрнаш#стихаш#дийцарш#дошам