Created by Derkaz Adamov

Выборы президента 2018

February 13, 2018

Выборы Президента России должны состояться 18 марта 2018 года. В соответствии с Конституцией Российской Федерации, глава государства будет избран на шестилетний срок путём равного и прямого всеобщего тайного голосования.

Международный форум "Российский Кавказ"

October 11, 2017

Соьлжа-Гӏаларчу М.Лермонтовн цӏарахчу Оьрсийн драматически театрехь шен болх дӏаболийна Политологин дуьненаюкъарчу "Россин Кавказ" юбилейн V-чу форумо.
Цигахь йийцаре еш ю "Россин Кавказан социальни-экономикин аьттонех пайдаэцар а, регионашна а, мехкашна а юкъарчу зӏенийн коьрта дакъош а" цӏе йолу тема.
Форуман спикер республикин къоман политикин, арахьарчу зӏенийн, зорбанан, хаамийн министр Д.Умаров а, Къилбаседа Хӏирийчоьнан къаьмнийн юкъаметтигийн гӏуллакхашкахула волу министр А.Цуциев а, Дагестанан къоман политикин министр Т.Гамалей а, Гӏалгӏайчоьнан къоман политикин, арахьарчу зӏенийн, зорбанан, хаамийн министр ӏ.Евлоев а, Гӏебартойн-Балкхаройчоьнан Махкахойн юкъараллица зӏенаш латторан а, къаьмнийн гӏуллакхашкахула а йолчу урхаллин куьйгалхо А.Курашинов а ву.
Пленарни кхеташо чекхъяьлча цара жоьпаш лур ду республикин а, федеральни а шуьйрачу хаамийн гӏирсийн векалшна.

Международный форум "Российский Кавказ"

October 10, 2017

Кхана, эсаран (октябрь) беттан 10-чохь, Соьлжа-ГIалахь шен болх дӏаболор бу Политологин дуьненаюкъарчу "Россин Кавказ" юбилейн V-чу форумо.
Цигахь дакъалоцур ду Россин Федерацин Правительствон вице-премьера А.Хлопонинс, Къилбаседа Кавказан гӏуллакхашкахула волчу федеральни министра Л.Кузнецовс, Къаьмнийн гӏуллакхашкахула йолчу федеральни агентствон куьйгалхочо И.Бариновс, Къилбаседа Кавказан федеральни округерчу субъектийн а, Нохчийн Республикин пачхьалкхан органийн а векалша.

Подписк.

May 22, 2017

2017 -чу шеран 2-чу эхашарна журналашна а, газеташна а яздаларан хьокъехь газеташа "Вести республики"," Даймохк", берийн журнала " Стела1ад" Шела шахьарехь д1аяьхьира прессин ярмарка. Редакцийн белхалошна юха а гучуделира, Нохчийчохь газеташ а, журналаш а оьшуш а, доьшуш а хилар. Шелан бахархоша баркаллийца, хазахетарца т1еийцира тхо, цхьа газет, журнал ца дуьтуш, д1аийцира. Ярмаркех дегайовхо йисира, вайн махкахоша газеташна а, журналашна а язлуш, болх жигара боккхур бу аьлла. Дала аьтто бойла вайн массеран а!ем это интересно? Добавьте описание, чтобы привлечь внимание аудитории...

Подписк.

May 17, 2017

Нохчийн мотт безаш верг , къона т1аьхье нохчийн бух т1ехь кхио луушверг язлур ву " Стела1ад" берийн журналана. Журналана яздала таро ю "Россин Почтан" з1енан отделенешкахь а, редакцехь а х1окху адресца : Соьлжа- г1ала, Маяковскийн урам, 92-Зорбан ц1а, 5-г1а г1ат.Тел: 8(928)0887344. Нохчийн мотт кхиорехь доккха дакъа лоцу Берийн " Стела1ад" журналана язлушволчо! Дала т1аьхье беркате йойла! 

Керла номер.

May 17, 2017

Хьомсара доттаг1ий, оха хазахетарца кхаъ боккху шуьга, арадаьлла "Стела1ад" журнал, 2017-чу шеран 1- ра номер. 

Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арах йолчу дийцарийн конкурсан толамхо Джукалаева Майнат.

May 15, 2017

Джукалаева Майнат Олхазар-К1отарчу лоьмар шиъ йолчу юккъерчу школин 11-чу классан дешархо ю. "Вайнах" концертийн залехь д1аяхьинчу Нохчийн меттан денна леринчу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арах йолчу дийцарийн конкурсан толамхо хилира иза.Майната цигахь хьалхара меттиг яьккхира.
"Стела1ад" журнало иза декъал а еш зорбане доккху "Нохчийн мотт боцуш цхьа де" ц1е йолу дийцар.

May 09, 2017

Конкурс "Ночхийн мохк"

May 02, 2017

Дуьненаюкъара " ЮНЕСКО" цхьаьнакхетаралло масех шо даьлча нохчийн мотт дуьнен чуьра д1абалар кхерам бу бохуш долу хабарш эрна дуй хаийтира Нохчийн Республикин а, Правительствон а, Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца йолчу з1енийн департаменто, Дешаран, 1илманан министерство нохчийн маттана лерина д1аяьхьначу вайн хьалхара президентан Ахьмад-Хьаьжин ц1арах йолчу конкурсо. И конкурс еш доккха дакьалецира юкъараллин белхалочо, нохчийн мотт кхиош, къахьоьгуш йолчу Чагаева Тамарас. Конкурсан ц1е " Нохчийн мохк" яра дакьалоцуш берш ишколашкара лакхара 9-11-чуклассашкара дешархой бара. Конкурсан 1алашо яра вайн дешархошна нохчийн мотт мел хаьа, церан ойланийн к1оргалла, исбаьхьалла йовза. Кхаа к1ирнах болх бира конкурсан жюрис тоьлларг къастош. Конкурсан жам1аш д1акхайкхош, тоьлла меттигаш билгалйохуш, даздар д1адаьхьира " Вайнах" залехь. Нохчийн маттахь ойла яста а, кепе яло хууш, меттан башхаллаш йоьвзуш, тоьллачу декьашхойн ц1ераш д1акхайкхира: 1 меттиг- Олхазар- к1отарчу ишколан дешархочунна Джукалаева М. елира. 2 меттиг- Радужное юьртарчу ишколан дешархочунна Шавлаева Р. кхечира.3 меттиг елира Соьлжа-г1алара номер 106 ишколан дешархочунна Успанова А. Церан кхоллараллин лаккхара мах хадош, дипломаш а, ахчан асовг1аташ дира Кадыров Ахьмад-Хьаьжин фондо. Дешархошна а, нохчийн мотт мел безачунна а доккха хазахетар хилира, дегайовхо а йисира: вайн мотт а, г1иллакхаш цкьа д1адала йиш яц, иштта оьзда кьона т1аьхье вайн мел ю. Дала т1аьхье беркате йойла!! 

Нохчийн меттан де!

April 24, 2017

Нохчийн мотт- ненан мотт, аганан иллица кхочуш бу х1ора адаман синкхетаме. Ненан маттаца когадоьду бер, ненан маттахь девза цунна дуьне, 1алам, г1иллакхаш, оьздангалла. Ненан маттаца хуьлу цунах адам. Поэта Абдулаев Лечас ма аллара : "Да вала ца вуьтуш, т1ам баржо ца кхуьуш, г1амарлахь х1у санна, овкъарлахь суй санна, бихкина 1илманна..." лаьттина вайн нохчийн мотт, вукху поэта Арсанукаев Шайхис ма аллара: " Доьзалахь бийцар а дастам а хеташ..." тесна лелийна иза. Тахана вайн республикехь д1акхайкхина 25-г1а апрель Нохчийн меттан де. Иза кхин цхьа билгало ю пачхьалкхан т1ег1ан т1ехь вайн меттан сий лакхадалар. Яздархочо Бексултанов Мусас ма аллара: " Къам ца кхиъча- мотт ца кхуьу. Матто кхуллу Даймохк" Стаг мичча дуьненан йисте д1авахарх, ненан мотт цунна биц ца беллехь, иза шен Даймахкахь ву, цуьнан лаьмнашца, шовданашца, ц1еначу х1авааца. Х1ора шарахь д1ахьош ду нохчийн маттана лерина даздарш, 1илманан конференцеш, араюьйлуш ю нохчийн маттахь йолу киншкаш, газеташ, журналаш. Мамакаев Мохьмада вайна дитина весет кхочушдахь, дуьненахь а сийлахь къам ду аьлла, ц1е д1аг1ур ю вайн: Шен ненан мотт халкъо, Сий ойбуш, 1алашбахь, Цу халкъан парг1ато Цхьаммо а хьошур яц! Дала декьалдойла вай Нохчийн меттан денца. Нохчийн меттан сийдан, иза кхио Дала хьекъал а, кхетам а лойла вайна! 

Нохчийн меттана денна лерина цхьанакхетар.

April 23, 2017

21 апрелехь Соьлжа-Г1аларчу номер 48 йолчу ишколехь д1адаьхьира Нохчийн меттана денна лерина цхьанакхетар.

Зулай Бочкаеван киншкан презентаци.

April 18, 2017

Нохчийн меттан де т1екхочуш вайн берашна доккха совг1ат хилира Зулай Бочкаевас араяьккхина "Нохчийн мотт суьрташкахь" ц1е йолу киншка. Цуьнан презентаци д1аяьхьира Абузар Айдамировн ц1арах йолчу кьоман библиотекехь. Цига баьхкина дуккха а хьеший бара , НР Парламентан депутаташ а, бевзаш болу яздархой а, журналисташ а, юкъараллин белхалой а. Х1ораммо а шайн кьамелашкахь ч1аг1динарг цхьаъ дара " Бераллехь 1амийнарг- т1улга т1е яздина йоза ду", берахь дуьйна 1амо а, марзабан а беза ненан мотт , цундела нохчийн маттахь иштта киншка хилар ч1ог1а мехала г1уллакх ду. Дала т1аьхье беркате йойла! 

Нохчийн меттан де.

April 16, 2017

Маршонан де

April 15, 2017

Субботник

February 23, 2017

Обращение Джамбулата Умарова.

February 07, 2017

ЧЕЧЕНСКИЙ НАРОД и самоубийство... Невообразимо, что эти слова могут пересекаться даже на мгновенье. Наш Народ не способен на малодушие.. Нам просто нужно немного поразмышлять над тем, КТО МЫ... Надо просто ужаснуться и попробовать ответить себе же на вопрос, почему странное слово СУИЦИД (САМОУБИЙСТВО) может иметь место среди нас!? Может, мы незаметно сошли с ума? Если не мы все, то, может кто-то из нас своими слухами, клеветой, болтовней, непослушанием, равнодушием, отстранённостью, непроходимой глупостью, чёрной завистью создали условия для своих детей, что им в голову могут приходить такие мысли!? Что забросив намаз, учебу, домашние дела, тренировки и другие полезные занятия они выбирают смертельные игры в интернете!? Почему мы решили, что только один Рамзан Кадыров должен заботиться о нас, о наших детях, родителях.. О воспитании молодёжи, о заботе о стариках, о духовно-нравственном состоянии общества, о законопослушании. Почему нам стыдно остановить тех, кто наглее нас, алчнее нас, злобнее нас, жаднее нас, мстительнее и завистливее нас!? Только одно может остановить губительные для нас и наших детей осознанные и даже неосознанные проявления крикливых паникеров, закулисных манипуляторов и чуждых ИСЛАМУ сектантов - ТОТАЛЬНАЯ ИДЕОЛОГИЧЕСКАЯ РАЗЪЯСНИТЕЛЬНАЯ РАБОТА. Силами нашего министерства во взаимодействии со всеми органами власти ЧР будет вестись также неустанная работа по выявлению тех, кто слухами, вымыслами и прочими информационными провокациями не даёт нормально жить и работать жителям нашей республики. ДА ПОМОЖЕТ НАМ ВСЕВЫШНИЙ!!!

Муса Ахмадов

January 29, 2017

Мы против терроризма

January 12, 2017

Лёма Гудаев

January 04, 2017

Лераме Лёма Рамзанович! Дала декъалвойла хьо винчу денца!

Please reload