Created by Derkaz Adamov

Айдамиров Абузар

(1933-2005)

Нажи-Юьртан к1оштан Мескитахь винчу а, ваьхначу а халкъан яздархочун Айдамиров Абузаран кху шеран октябрь беттан 29-чу дийнахь вина де ду. Шийтта шо ду иза вайца воцу.

            Абузар шортта хаарш долуш а, кхоллараллин пох1ма долуш а яздархо вара, цо исбаьхьаллин суьртехь д1аяздина д1адаханчу б1ешершкахь хилларш-лелларш. Цо дукха ойла йина вайн къомана т1ех1иттинчу халонийн, баланийн, уьш т1ех1иттаран бахьанийн, уьш кхин ца хилийтаран некъийн. Дийцина ца валлал боккха юьхьк1ам бина стаг ву иза вайна. И шуна хуур а ду, хьоме бераш, оцу сийлахьчу нохчочо язйина «Еха буьйсанаш», «Маршонан ц1арах», «Лаьмнашкахь ткъес», «Дарц» романаш аш ешча. Т1аккха нохчийн къоман историх лаьцна шун хаарш алсамдевр ду, шуна 1емар бу к1орггера ненан мотт.