Created by Derkaz Adamov

Ахматова Раиса

(1928-1992шш.)

ДоттагIий, шуна, журнал доьшучурна,  евза хир ю Ахматова Раиса. Иза вайн литератури юкъера 50-гIа шераш чекхдовлуш. Дуьххьарлера цуьнан книга – «Хьоме республика» – араелира 1958 шарахь. Цул тIаьхьа ткъех поэзин гулар зорбане елира поэтессин нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь. Цуьнан произведенеш дуккха а кхечу къаьмнийн меттанашка а ехира…

         Ахматова Раиса йина 1920 шеран 20 декабрехь, Соьлжа-ГIалахь. Хьехархойн училище чекхъяьккхинчул тIаьхьа, 1946-1956 шерашкахь, Раисас хьехархочун болх бо, стихаш язъян а йолало иза цигахь доьшуш йолуш. Цуьнан кхоллараллехь йоккха меттиг дIалоцу нохчийн зудчун васто. Иза Iалашо а яра, цо ша ма-аллара: «Iемаш, доьшуш, болх беш, къуьйсуш, поэзехь а, дахарехь а дикалла кхоллар».

Иштта хьалха лаьтта вайна и поэтесса а, цуьнан кхолларалла а.