Created by Derkaz Adamov

Ахмадов Муса

Нохчийн Республикин халкъан яздархо Ахмадов Муса вина 1956-чу  шеран 28-чу январехь Г1ирг1изехь. Муса яздархочун новкъа велира Лаха-Варандарчу школехь пхоьалг1ачу классехь доьшуш волуш. Пох1ма долчу  дешархочун дуьххьарлера дийцар Шуьйтахь арадолучу районан газетехь зорбане делира.

Г1араваьлла нохчийн яздархочо, поэта, драматурга язйинадуккха а книжкаш. Уьш арахецна нохчийн, оьрсийн, балкхаройн, французкийн, японхойн, немцойн меттанашкахь. Вайн махкахошна дукха дезачех ду Мусас д1ахьош долу «Хаарийн б1ов» телехьожийла. Къаьсттина деза-хьоме ду Мусанна вайн «Стела1ад» журналацадолу гергарло. .